ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Могуш вац, бохуш даьржинчул тIаьхьа, дуьххьара гучуваьлла Кадыров


Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан

Коронавирусан инфекци хьакхаелла аьлла, тоьшаллашца тIечIагIъяза информаци яьржинчул тIаьхьа, шинарин дийнахь дуьххьара гайтина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, яздо "Кавказ.Реалиис". Цуьнан сурт зорбане даьккхина телеграм-каналехь.

ЧIагIдо, эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан кхеташонехь Соьлж-ГIалахь Кадыровс дакъалаьцна бохуш.

"Деза денош дирзинчул тIаьхьа оперативан штабан хьалхарчу кхеташонехь ас ладуьйгIира жоьпалла тIехь долчийн рапорташка", - аьлла ду, Кадыровн цIарах бинчу хаамехь. Дуьйцург ду кIирандийнахь хилла бусулбачийн Марха дастаран де.

Кадыров къам декъалдеш висхилира, амма видео тIехь цуьнан аз хезара, ткъа ша гойтуш вацара.

Дахначу кIиранах Baza телеграм-канало а, иштта ТАСС а, "Интерфакс" а агенталлаша яздора, Кадыров Москва дарбан цIийне дIавигина бохуш. Оццу дийнахь, Кадыров Рамзанан цIарах лела кема деана хиллера Нохчийчуьра Москва.

Коронавирусан ун даьлла Кадыровна, бохуш, чIагIдора хаамийн гIирсашкахь. Ткъа ша Кадыровс цхьана а кепара комментари ца йира оцу хаамех лаьцна. Iедалан векалша дIахьедора, нохчийн куьйгалхо могуш вац, бохуш, яьржина информаци, цуьнан мостагIашкара ю, иза могуш а ву, бохуш.

Оршотан дийнахь "МБХ медиас" даржийра, Кадыровн кема Москвара Соьлж-ГIала кхаьчна аьлла.

Официалан зерашца, Нохчийчохь COVID-19 вирус кхетта ву 1 133 вахархо. Царах 13 кхелхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG