ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус шеца юй хьажийта реза вац Нурмагомедов


 Нурмагомедов Хьабиб шен деца Нурмагомедов Iабдулманапца
Нурмагомедов Хьабиб шен деца Нурмагомедов Iабдулманапца

Шен дена а, тренерна а коронавирусан ун даьллачул тIаьхьа, Дагестанера UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб реза ца хилла, шеца вирус юй хьажийта, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Хьайх таллам байта аьллачу лоьрашна дуьхьало йина Хьабиба, чолхечу хьолехь волчу шен дена оьшу терго яхьара аьлла, дехар а деш.

Карладоккху, Маршо Радионо яздира хьалхо, Нурмагомедов Iабдулманапан гонерчу цуьнан накъосташа дийцира, иза пехийн шина а агIор пневмони йолуш, ХIинжа-ГIаларчу дарбан хIусамера Москварчу лоьрашна тIевигина, цигахь хIо лучу аппаратах воьзна, аьлла.

UFC чемпиона Нурмагомедов Хьабиба шен инстаграмерчу агIонехула хьал а довзуьйту шен дегара. Халачу хьолехь волу иза, лоьрашна тIекхачийна вирус бахьанехь, амма кхин а доьхнарг ду иза иштта а дог лозуш хилар, боху дуьненан чемпионо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG