ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийчоь: тIаьххьара горгали – онлайнехь


Гайтаман сурт
please wait

No media source currently available

0:00 0:03:07 0:00
Линкана тIе

Школа чекхъяккхар юкъахь даздойла хир дац кегийнехан

Къилбаседа ХIирийчоьнан дешаран министралло школин тIаьххьара горгали интернетехула бекар бу, даздарш хир дац, аьлла. Амма массо а бераш дац цIахь интернет йолуш – уьш цхьана а кепехь хир дац дешар дерзочу бараман декъахь.

"Халахеташ делахь а, «тIаьххьара горгали» а, дешна бовлучийн синкъерамаш а цабан дезна. Амма оха классаца бартбина тхайн хьехархошна видео яккха, хIораммо дIаэр ду хьехархошка баркаллин довха дешнаш. Иза бен дац тхан карахь», - элира "Кавказ.Реалиига" БуьритIехь №38 школа йоккхуш йолчу Дряева Кристинас.

Дешархошна цIахь бисар пайда боцуш ца дирзина, 24 сахьтехь экзаменашна кечдала йиш ю, ткъа школе воьдуш-вогIуш, цIахь бан белхаш беш сов дукха хан йойура, «ур-атталла школерчу синкъерамна кечлуш, мехкарийн, къонахийн духарш эца а, тегийта а ца деза», бохура Кристинас.

Пригорадан кIоштарчу Соьлжа-юьртарчу школехь хиллане а хир бац «тIаьххьара горгали», хIоттор бац иза я интернетехула а.

Цигахь дешна йолуш йолчу Плиева Сабринас бахарехь, карантин лаьттачу юкъанна бераша экзаменийн бен ойла а ца йо. «Лаьара дера хьехархошна хазахетар дан-м, делахь а хан ю-кх хIинца хийцаме, тешам боцуш», - элира йоIа.

Республикан физикан-математикан лицейхь дистанционан кепехь хир бу «тIаьххьара горгали».

"Дешархоша дезачу денна фартукаш, кастомаш юхур ю, лекхачу метте дIахIуьттур бу. Оха церан дай-наношца барт бина – цара берашна тIе дешна бовлучийн цIен асанаш ухкур ю», - йовзийтира шайн къайле лицейн директоран декхарш кхочушдечу Маргиева Неллис.

Цхьаболчу дай-наноша берел а дукха сагатдо дешар дерзочу барамийн хьокъехь.

"ЧIогIа новкъа ду хIара иштта нислуш, тхуна тхайн бераллера дагадогIу мел деза ду дешна волу де. Ас а, майрачо а цхьа хаза йиш дIаязйина горгали бекаш, видео кечйина тхайн берашна. Школерчу шайн нийсархошна тIекхачаре сатуьйсу бераша. ХIинца хаьа царна дIасакъастаран мах. Адамо ца лардо шегара ирс, сагатдо иза дедча. Амма синкъерам оха царна хIоттора-м бу, гурале хIоттийна а», - дийцира БуьритIерачу №5 школа чекхйоккхуш йолчу Элонин нанас.

Дешаран министралло дог ца диллина дешар дерзош берашна синкъерамаш хIитто шен йиш хир ю бохучух.

"Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяла бераш Мангал-баттахь дуьйлалур ду. Оцу дийнахь географи, литература, информатика хир ю дIалуш. РогIера бутт боьдуш бен хир яц дешна бовлучийн садаIаран суьйренаш. «ТIаьххьара горгали» интернетехула бекор белахь а, дешна бовлучийн синкъерамаш цхьаьна а кхетта дIабахьаре догдоху оха», - хаам бира дешаран урхаллехь.

Дешна довлучу берашна хьехамаш, хаза дешнаш дIаяздеш бу гоьбевлла нах. Уьш бу хьаькамаш а, спортхой а, эстрадин седарчий а. МТV телеканалан векалша видео яьккхина Къилбаседа ХIирийчохь дешна довлуш долчу берашна. Алагирерчу дешархошка хаза дешнаш хьовсийна вевзаш волчу артиста Костюшкин Стаса.

Кхушара 3600 бер ду ХIирийчохь дешна долуш.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG