ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а белхаш болийна Москварчу лоьраша


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дарбан хIусамашкахь коронавирусан инфекцица болчу нахана дарба дан буьйлабелла еарин дийнахь дуьйна Москвара баьхкина лоьраш. "Кавказ.Реалии" портало яздо цунах лаьцна.

Москван мэран Собянин Сергейн тIедилларца, де хьалха суьйранна лерина кема деана уьш балош. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дехар динера мэре, къаьсттина гIо оьшучу регионашка медицинан белхахой хьовсабе аьлла.

Ялх стагах лаьтта медикийн тоба кхаьчна БуьритIе, шен коьртехь Ворохобовн цIарахчу Москварчу лоьмар 67 йолчу клиникан коьрта лор Покровский Константин а волуш. 55 миллион соьмана коронавирусана дарба ден молханаш а, лоьраш уьнах Iалашбен барзакъ а цхьаьна деана цара шайца.

"ХIирийчуьрчу тхайн белхан накъостийн говзаллех шеко яц тхан, делахь а, ковид-центрашкахь тхаьш бинчу белхан зеделлачуьнца дакъа дан лаьа тхуна. ХIуъа дийцича а, алсам ду тхан зеделларг. Юкъахь болхбар республикерчу лоьрашна а, тхайна а пайден хир ду аьлла, дегайовхо ю тхан", - аьлла журналисташка Покровскийс.

Шина кIиранах болх бийр болуш бу Къилбаседа ХIирийчохь Москварчу говзанчаша. Къилбаседа-ХIирийчуьрчу лоьрийн академехь (СОГМА) хилира уьш еарин дийнахь. Цигахь дийцаредира цара коронавирусан ун даьллачу нахана дарба лелор муха хир ду.

"Тхан белхан накъосташа сацам бина, кегийчу тобанашка декъа а ца луш, раьгIнаш хIиттина болх бан республикерчу дарбан хIусамашкахь. Тахана СОГМ-ехь бара уьш, кхана Республикан клиникан хIусаме гIур болуш бу. Цигара дIа видеозIенехула клиникан дарбан цIийнерчу сихаллин гIо кхачочу машенахь болх бечу лоьрашна хьехарш а деш", - аьлла Къилбаседа-ХIирийчоьнан могушалла Iалашъяран министраллан пресс-гIуллаккхоша.

COVID-19 вирус яьлла нах охьабахка кечйина Къилбаседа-ХIирийчохь БуьритIера кхо лазартне ю, кхин а оццул ю Ардонехь а, Бесланехь а, "Октябрьское" олучу эвлахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG