ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

DW: Оьрсийчоьно жоп ца делла Хангошвили верца доьзна Германино шега динчу хеттаршна


Нохчийн тIеман баьччашлахь лелла Хангошвили Зеламха (Кавтарашвили Торнике) Берлинехь верца доьзна, шега динчу хеттаршна жоьпаш ца дахкийтина, уьш кхачаре сатуьйсуш Iа Германин талламийн урхалла, яздо Deutsche Welle газето.

Хеттарш Берлинан прокуратуро хьийсийна Москва 2019-чу шеран Дечкен-баттахь, "дисина Оьрсийчоьно кхоччуш жоьпаш даланза", аьлла Германин юстицин министралло шега гIуллакхан хьокъехь кехат дахьийтинчу бундестаган депутате Дагделен Севиме. Оцу хьокъехь хаам бина dpa агенталло.

Хангошвили Зеламха вийра тапча йиттина Берлинерчу Жима Тиргартен паркехь 2019-чу шеран Марсхьокхучу-беттан 23-чу дийнахь. Оьрсийчоьно терроризманна бехке лорура Хангошвили. Шена Гуьржийчохь шозза тIелатар дича, Германе дIавахара иза. Зулам динарг хила тарлуш волу герзахо лецира нохчо вийначу сахьташкахь – Оьрсийчоьнан вахархо ву иза, дагадоуьйту Deutsche Welle газето.

Юьхьанца зулам толлуш яра Берлинера прокуратура, амма гIуллакх шега дIаийцира пачхьалкхан коьртачу прокуратуро – иштта нисло зулам кхечу пачхьалкхерчу къайлахчу сервисаша дина хилар тусаделча.

Германин Iедало дуккхаза а бехкаш дехкина Оьрсийчоьнна, цо шега хьийсийначу хеттаршна жоьпаш луш дацарна. Берлинна гарехь, дуккха а бу Оьрсийчоьно я Нохчийчуьрчу Iедало Хангошвили вейтина ала могуьйту битамаш. Оцу бахьанца Германино Оьрсийчу юхахьажийра цуьнан ши дипломат. Амма Москвара а вахийтира, персона нон грата а кхайкхийна, Германин ши векал Берлине цIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG