ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пандеми дIаерзале мел дукха адам лийр ду, цуьнан хьесап дан а кхоьру"


Кхарачой-Чергазийчохь болх бинчу лоьро "Кавказ.Реалии" портале дийцина, шена ун даларх а, ша лайначух а лаьцна

Кхарачойн гIалин дарбан хIусамехь тоххара берийн лор лаьттина ю Кхарачойн Чергазийчоьнан яхархо Хубиева Елена, яздо "Кавказ.Реалиино".
Шен 28 шо долчу заьIапчу йоIаца цхьаьна цIахь а Iаш, коронавирусан пандеми шен тергонехь латтийна ю иза.

Стигалкъекъа-беттан 20-чу деношкахь шена дегIаца цамгаран симптомаш хааелира цунна. Шегара кхечу нахана ун даларна а кхоьруш, COVID-19 вирус юй хьажа тест ян гIертарх а, цул тIаьхьа анализан жамIашка а, шена догIучу молханашка а сатийсарх а дийцина цо “Кавказ.Реалии” портале.

- Стигалкъекъа-беттан 21-чохь дегIан температура хьалаелира сан, аллерги йолуш санна симптомаш гучуевлира соьца. Коронавирусах кхоьруш йолу со, ара а ца юьйлура. Стигалкъекъа-беттан 24-чохь компьютеран томографи яйтира ас, сайна бевзачу нахехула орца а даьккхина. 2 % процент пехаш лазаро лаьцна хилар къаьстира. ЦIахь дарба леладе, аьлла, цIа яхийтира со.

ШолгIачу дийнахь тхан кIоштарчу лоьро, телефон а тоьхна, реамберинца системаш хIиттон езар ю элира, нагахь санна уьш дIахIитто суна стаг каравахь. Сан йишас ша хIиттор ю, элира соьга, амма со кхоьрура цунна ун даларна.

Сан йоI хьалхарчу группан инвалид лоруш ю, ДЦП а, эпилепси а ю цуьнца. Сайна а, йоIана а тест яйта цIа кхайкхира ас медицинан белхахой. Амма цхьа а ца веара. Стигалкъекъа-беттан 26-чохь суо яхара со анализ дIаяла. Амма аьтто ца белира.

Хубиева Елена
Хубиева Елена

- ХIун дуьхьал делира хьуна?

- Нах дукха бара цигахь, ткъа тесташ сиха кхачийра. ЦIа а еана, юха а сайна бевзачу лоьрашка телефонаш еттара ас, со ехачу сан цIа а дуьйлий, тест яхьара бохуш. Байначу беттан 28-чу дийнахь лор-йиша еара тхан цIа. Тестан жамIаш хилале, сайн хиллачу белхан накъосташка орца даьккхира ас, цIеххьана къоьлла хIоьттина молханаш лоьхуш. Кхечу кIоштара даийтира ас гидроксихлорахин. Препаратех сайн кисанара ахча лора ас. Тешна яра со, сайна коронавирус ю аьлла. ЙоI чохь сецош яра ас, шен да волчу иза яха лууш йоллушехь. Хаа лаьар-кх суна, хIун хаьа вирус ца хуьлий а?! ТIаккха да волчу яхийта мегар ма дара иза. Юх-юха а сайн хиллачу коллегашца зIене юьйлура со.

- ТIаккха, хиллерий шуьца коронавирус?

- ХIаъ, тхойшинна а ун даьлла хиллера. Могушалла Iалашъяран министраллехь олура, нагахь санна, диагноз тIечIагIйинехь, меттигерчу лоьро мехаза молханаш латтор ду олий. Амма сан лоьро элира, хIара хьал лаьтта кхо бутт а бу, молханаш цхьанна а луш дац аьлла. Суна цаьргара хилларг цхьа молха дара, сан йоIана лерина ингаверин олу.

Кхарачаевскера инфекцин дарбан цIа
Кхарачаевскера инфекцин дарбан цIа

- Муьлхачу препараташца дарба лелийра ахь?

- Гидроксихлорахинца а, триазаверинца а, антибиотикаш таваник а, зиннат а моьлура, иштта витамин С а, витамин D а, цинкан преперат а лелийра, биопрепараташ-биобактон а, ткъа биобактонан аципол дацара аптекашкахь эца. Сайн цIахь хилларг дIамелира ас. Дагна новкъарло ца ярхьама милдронат моьлу ас, иштта клексан мехий а детта - цIий качдан.

ХIуммаъ а дорах молханаш дац уьш, царах цхьадолчийн къоьлла ю. Сихха меттаян Iалашонца шишша антибиотик муьйлу ас. Амма бакъду, 37, 2 лаьтта даим а температура. Са лоьцу, дагехь лазарш ду. Деган кардиограмма яккхийта яха дийзира сан дарбан цIийне. Со дIаяханчохь, лоьрашна евза со, хьал-де хоьтту, ас олу, суна герга ма гIерталаш, коронавирус ю соьца. Цара дуьхьал олу: тхо а ду цомгаш. Iаламат дукха лоьрашна ун даьлла. Кхачо йоллуш оьшу гIирс ма ца ло царна, эпидемех Iалашбала.

Кхарачаевскера инфекцин дарбан цIа
Кхарачаевскера инфекцин дарбан цIа

- Лоьраш тапъаьлла хIунда Iа?

- Шаьш балхара бохорна кхоьру уьш. 2018-чу шарахь Правокубанера дарбан хIусам Кхарачойчуьрчух дIатуьйхира. Белхахошна алапаш а лахдира. ХIетахь цхьана баттана а, эха баттана а 10 500 сом делир-кх суна. Дукха ца Iаш дIаелира со цигара. Пандеми яьржинчу юкъана балхара цIахь сецира йоккха говзанча хилла йолу инфекцин лор а. Коронавирусаца болчу нахана стационарехь дарба деш ву невропотолог а, коьрта лор а. Цара хьесап до анализ хьенан яла еза, хьенан ца еза а. Реагенташ цатоарна, дарбан хIусамашкахь анализаш оьцуш яц. Цаьрца къаьстар ма дара, коронавирусан инфекци гена яьллехь а, ца яьллехь а.

Кхарачаевскера дарбан хIусам
Кхарачаевскера дарбан хIусам

- ХIокху хьолаца ларо ницкъ муха кхочу хьан?

- Сан аьтто хилла, пехаш 60 процентна дIалаьцна доцуш а, иштта атта хIара лазар такхарна а. Сан йоIана йойла хир дацара компьютеран томографи, хIунда аьлча, са а ца доккхуш, йижина Iалур яцара иза. Сан лоьрашца уьйраш, зIенаш яра, ши пенси ду догIуш: сан а, йоьIан а. Иштта жимма вовшахйиттина шайнаш а яра сан. Изоляци кхайкхийначул тIаьхьа дуккха а нах балхах а, некъах а боьхна, карара гулдинарг а кхачийна, йа тIетовжийла яц церан. COVID-19 вирусан шеконаш лаьтта нах а, лазар атта токхурш а дарбан хIусамашкахь охьабохкуш бац, амма, чуьра ара а ца бовлуш, Iойла а дац церан. Лоьрана тIекхача везаш йа аптеке, йа туькана ваха двзаш хуьлу. Иштта ун кхуьу, лайн гIорза санна. ХIара пандеми дIаерзале мел дукха адам лийр ду, дагадаийта а кхоьру.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG