ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

“Лайна Iазап цкъа а дагара ца долу суна"


Ломаев Муса

Iазап лайначо дуьйцу, дош хIунда ца хета Нохчийчоьнна Европан адамийн бакъонашкахула кхело а, Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула комитето а бохург

Бан ма безза таллам а ца беш, тIаIзарехь, бакъо йоцуш ялх нохчо латторна Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацин Комитето Оьрсийчоьнан Iедалхой жоьпе хилар тIечIагIдина.

Лецначийн тоьшаллашца, къаьсттина къизаллаш лелийна цаьрца чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана чуйогIучу ОРБ-2 (оперативан-таламан бюро) олучу меттигехь Соьлж-ГIалахь. Цу декъах чекхваьлла ву, 2004-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 26-чу буса Соьлж-ГIаларчу Маяковскийн урамерчу шен хIусамера лачкъийна вигина Ломаев Муса а.

ТIаьхьо къаьстина ма-хиллара, ницкъахоша вигина хиллера иза. Цара бехке вора Муса, чоьхьарчу гIуллакхийн белхахошна дуьхьал теракташ дарна а, низамашкахь а доцуш, вовшахтоьхначу гIаттамхойн тобана юкъахь хиларна а. Ломаевн гIуллакхах лаьцна кIорггера яздинера Политковская Аннас.

Дийнна шарахь, Мусас дийцарехь, цунна тIехь ца лелош таIзар дитина а дац: дуьххьара Соьлж-ГIаларчу Ленинскан кIоштан полицин декъехь, цул тIаьхьа лакхахь хьахийначу ОРБ-н декъа тIехь а. Кхело бехказваьккхира Ломаев, амма хIетте а, цунна тIаьхьара долуш дацара Iедал. Аьтто белира цуьнан Оьрсийчуьра вада, карарчу заманчохь Финляндехь вехаш ву иза. "Кавказ.Реалиис" къамел дина шеца, Ломаев Мусаца.

- Муха лачкъийна вигира со хоьтту ахь? Кисанахь лелочу фонарикан серло кхийтира сан корах чу. НеI а йохош, чу лилхира цхьа нах. Оцу мIаьргонехь со дехьа чу вала ларийра. Сихаллехь со кара ца вора царна. Со лаьтташ волчу чохь талламаш бора цхьаммо, Iаьржачу боданехь сох тидам ца хилира цуьнан. Хьолах кхеттачул тIаьхьа, вала меттиг бацара, со царна гучувелира. Царех цхьаъ виссалц, массо а туьтмIаьжгаш йоьхна бара. "Ассаламу Iалайкум, кIентий! Шуна хIун оьшура?" хаьттира ас. Хьалхахьа лаьттачо меллаша суна тIе куьйг даийтина, сан кач-белш а лаьцна: "Хьо ву-кх тхуна оьшург" элира. Со уьйтIа ваьккхира цара. Тоьпан мукъ сан хьаж тIе а тоьхна, вожийра со. Юха а масийттазза туьйхира суна. УьйтIара маса кетIа а ваьккхина, милцойн УАЗик тIе вигира со. ТIаккха со машен чу а тоьхна, сан кIесаркIаг чу автоматан мукъ хIоттийна, иза юла а юлуш, цхьана накъостах хаьттира соьга. Суна цуьнан цIе яккха ца лаьа. Боккъал аьлча, суна хууш дацара цунах дерг. Шаьш тоьпаш тухур ю аьлла, суна кхерам тесира цара.

- Хьо лачкъийна вигинарш милцой бара? Айхьа лелийначу зуламашна мукIарло де бохура цара хьоьга?

- ХIаъ, уьш берриш а нохчий а бара. Цхьана оьрсичо пIелг Iоьттина бац сох цкъа а. Ленинск кIоштан полицин декъе валийна хиллера со. Чу кхаьчхьана ницкъбан болийра суна тIехь. Хадданза масех дийнахь а, буса а Iазапаш латтийра соьгахь. Оперативан белхахоша хийца а луш, еттара суна. Суна дIоггара дага а ца догIу, хIун дара хуьлуш дерг. Куьйгех тоьхначу гIоьмаша ницкъбина, куьйгаш дистинера сан. Вала меттиг а ца хуьлий, цара тIедохку зуламаш тIелоьцура ас, амма юха а бакъ ца дора. Масех кIиранах суна тIехь ницкъ латтийна, соьгара шайна оьшург ца даьлча, ОРБ-2 олучу меттиге дехьаваьккхира со. Цу хенахь Нохчийчохь уггар а инзаре меттиг лоруш яра иза. Нохчашна кхерамаш тийсинчу Ханкаларчу базана а, кхинйолчу оьрсийн эскарша куп тоьхначу меттигашна а шен къизаллица тIехъэккхаш яра ОРБ-2. И дерриг а сайна чохь а долуш вехаш ву со. Лайна Iазап цкъа а дагара ца долу суна, цуьнца вехаш ву со.

- ХIинца а белхаш беш буй и полисхой?

- Цхьаберш даржехь кхин а лакхабевлла, вуьйш байина, бу царах балхара дIа а бевлла, чохь а севцна, шайн къинойх цIанбала гIертарш а бу.

- ОРБ-2 бюрохь нохчашна тIехь ницкъбар ООН-ан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдина. Церан карах зуламаш лайначу нахана а цо цхьа дегайовхо юьту аьлла хетий хьуна?

- Церан къизаллаш лайна эзарнашкахь, йа кхин а сов а нах багарбан йиш ю сан. Амма, йа ООН-ан а, йа Европан кхелан а сацамаша коьртера дуьйна цхьаъ хуьйцур ду аьлла, суна ца хета. Оьрсийчоьнна дуьхьал ЕСПЧ-н кхелехь тоьллачу нохчочунна шен цIенна хьалха тоьпаш тоьхна, йа иза тIепаза дIавайина меттигаш хилла.

- ХIинца ОРБ-2 декъехь хIун хийцаделла?

- Кадыровн куьйгакIел ю иза хIинца. Со цигахь волчу хенахь федералан урхаллехь яра. Кадыров Рамзанна чIогIа новкъа дара иза. Цуьнан да вийна цара бохуш, 2004-чу шарахь кхо жимастаг вара цигахь лаьцна латтош. Дуьйцуш хезна суна, цкъа Кадыров веанера боху цига, ша бекхам бан воллу царна бохуш. Ха дечара эккхийна хиллера иза. Ша мехкан куьйгалле веанчул тIаьхьа, Кадыровна, хьалхалера белхахой дIа а баьхна, ОРБ-2 шен урхалле ерзо некъаш карийра. Соьгахь йолчу информацица, тахана а къизаллаш ю цигахь лелош.

- Финляндера схьа цигара хьал хьайн тергонехь латтадо ахь? ТIаьххьарчу шерашкахь нохчий стенах уьдуш бу?

- Тоххара санна жигара тIемаш бац цигахь. Уьду нах цигарчу кхераман а, терроран а атмосферех. Цигахь бераш кхиадойла а яц, кханене догдохийла а яц. Мичча хенахь а Кадыровн Нохчийчохь вен кхерам бу хьуна. Муьлххачу а полисхочо хьуна тIехь шена са яккха тарло, олуш ма-хиллара, "жамIаш" а гайтина. Цунна зен хир дац, цуьнгара бехк а боккхур бац, ткъа хьуна, йа пхи шо, йа итт шо хан кхачор ю набахтехь яккха. Иштта тарло хьо цу чохь вахкон а. Хьан а, хьан доьзалан а дахар цхьана мIаьргонехь доьхна, даржа тарло. Оцу доллучух а уьду-кх нах.

- ДIавахнарг цхьа а юхавогIий?

- Шайн лаамехь даймахка богIу, Нохчийчохь шайна кхераме ца хетарш. Бакъду, дарба дан дагахь Европе баьхкина нах а цхьана баха буьсу кхузахь. Хьажахь, хIара ду-кх дахар а, таронаш а, тIахьало а, олий хета царна.

- Дахначу шерашкахь Европехь нохчаша масех доккха зулам дира. Оцу тIехула шуьца йолу юкъаметтигаш хийцаеллий?

- ХIан-хIа, Европан юкъаралло доккхачу декъанна емалдо цхьана стага шегара долуьйтург, амма доллучу къомана бехкаш ца дохку цара. Цу кепарчу бохамех сайна хезча, чIогIа новкъадогIу суна, ас сагатдо зуламан новкъа бевллачийн дайшна а, наношна а.

Комментареш

New Comments Available

Пайхамарна ехкина карикатураш гайтарна Францехь хьехархо вер муха туьду аш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG