ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мох баьлча дина зенаш меттахIиттош ю Нохчийчоь


ГIишлош а йохош, дитташ а эгош, онда мох белира кхаарин сарахь Нохчийчохь. Еарин дийнахь Соьлж-ГIаларчу муниципалан белхалоша дIаяха йолийра бохаман тIаьхьенаш. Тодан долийра дохийна гIилойн тхевнаш, дIадехира мохо эгийна дитташ, меттахIитто йолийра йохийна газан биргIанаш, дIатесира хедда тоькан серий. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Нохчийчохь мох баьлча лазийнарг ву 11 стаг, царах цхьанна еза чов йина.

XS
SM
MD
LG