ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн бизнесхочунна арз динчу Ханты-Мансийн гонерчу Лянтор гIаларчу мэрах кхетар ву Делимханов


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Нохчийн бизнесхочунна Абдулвахабов Iийсана арз динчу Ханты-Мансийн автономин гонерчу Лянтор гIалин мэраца Махиня Сергейца цхьаьнакхетар ву кеста Пачхьалкхан Думан Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам. Ханты-Мансийн регионера Нохчийн куьйгалхочун векало бина цунах хаам.

Бизнесхочун кIанта Абдулвахабов Адама дIахьедина, оцу гIуллакхан хьокъехь шайца цхьа а зIене ваьлла вац аьлла. URA.RU гIирсаца хиллачу къамелехь, Лянторан мэро а боху, хиндолчу цхьаьнакхетарх шена къаьстина хIумма а дац, амма Делимхановца къамелдан ша кийча ву аьлла.

Маршо Радионо яздира, Ханты-Мансийн автономин махкарчу Лянтор гIалин мэра Махиня Сергейс социалан машанашкахула видео-дехар дарх Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а, Пачхьалкхан Думан депутате Делимханов Адаме а, шаьш долчехь вехачу бизнесменна-нохчочунна Абдулвахабов Iийсана арз деш.

Махиняс бахарехь, гIалахь цул 7 шо хьалха мэран даржехь Iийначара а доьхуш хилла совдегаре, меттигера гIишлош еш цо дитина кхачамбацарш дIадахар, масала, Звездный” спорткомплекс “а, “Оазис” ресторан а тоеш. Мэро дийцарехь, нохчочо белхаш бина, оьшу кехаташ кхоччуш кечдина а доцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG