ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь 490 эзарел а сов бу коронавирусан ун даьлларш


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь официалан хаамашца Оьрсийчохь 8 404 вахархочуьнца коронавирусан ун хааделла. Дахначу дийнахь 216 пациент кхелхина инфекцех.

Эпидеми яьржичхьана пачхьалкхехь ун даьлла ву 494 эзар гергга дархо. Кхелхина 6 358 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а дарба хилла коронавирусах 10 386 пациентана.

Роспотребнадзоран зерашца, тIаьххьарчу дийнахь 290,6 эзар лабараторин таллам бина. Лоьрийн тергонехь латтош ву 318 эзар стаг.

Эпидеми яьржичхьана дуьненахь коронавирусан ун кхетта ворI миллион сов вахархочунна. 414 эзар ву кхелхинарг.

COVID-19 вирусо къаьсттина зенаш дина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна. Цигахь шина миллионал а лакхара ду ун даьллачийн терахь. Велла 115 эзар сов дархо.

Стигалкъекъа-беттан тIаьххьарчу деношкахь Дуьненчуьрчу могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ) COVID-19 пандемин юкъ Американ континента тIехь ю аьлла, тIечIагIдира.

Китайхь гучуяьлла кхечу пачхьалкхашкахь яьржина пандеми коронавирусан инфекци ю аьлла, дIакхайкхийра ВОЗ организацино. Китайна тIаьххье эпидемин центр ю аьлла, билгалъяьккхира Европа. Зазадокху-баттахь ун даьлла нах а, белларш а сов хиларца къаьстира Итали а, Испани а.

Зазадокху-беттан тIаьххьарчу деношкахь Америкехь къаьсттина даьржира ун, ткъа Охан-баттахь – Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG