ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адыгей Краснодаран махках дIаэяр – иза зулам ду"


Чергазийн жигархошка сингаттам боссийна, Адыгей Краснодаран махках дIатоха еза, бохуш, дечу къамелаша. Хоьтту цара: регионаш шоръеш елахь, стенна ца туху иза чергазий бехачу кхечу цхьана махках – Кхарачой-Чергазийчоьнах я ГIебарта-Балкхаройчоьнах?

Адыгейн, Кхарачой-Чергазийчоьнан, ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхошка а, прокурорашка а, иштта, "Комсомольская правда" газете а дIахьедар хьажийначу жигархоша шаьш дуьхьал ду "республикаш хIаллакйайта" боху.

Авторшка сингаттам боссийнарг ду, "Автономеш, республикаш дIа ца яхахь, Оьрсийчоь юха а йоха тарло" цIе а йолуш, "Комсомольская правда" газетехь публицистера Холмогоров Егорера эцна интервью араялар. И къамел шен ресурсера дIадаьккхина газето, амма цуьнан копи йисина "Натпресс" сайта тIехь.

Газето даржийна къамел ца догIу Оьрсийчоьнан политикаца а, конституцино къастийначу пачхьалкхан кепаца а, билгалдоккху дIахьедаран авторша – Адыгейн цIарх Пачхьалкхан думехь депутат лаьттинчу Мугу Рашида а, журналисташа Темиров Мурада а, Шаззо Аслана а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу бакъоларъярхочо Хатажуков Валерийс а, яздархочо Шашев Алиджа а, Израилерчу политолога Шмулевич Авраама а.

"Суна хетарехь, хIун хуьлу хьажа чукхоьссина и интервью 'Комсомольской правда' газете. Со шогга дуьхьал ву автономеш регионех дIатохарна. Адыгейх дерг аьлча, миллионашкахь болчу чергазех ишта а ца бисина Оьрсийчохь 100 эзар бен. Адыгей Краснодаран махках дIаэяр – иза зулам ду, соьга хаьттича. Мехкаш вошахъэбаро церан администрацеш кхобуш доъу ахча бюджетехь сацор ду бахар – иза кийтарло ю. Ахча иштта кхоон ца деза", - боху 2002-2006-чу шерашкахь Адыгейрчу Теучеж кIоштан коьртехь Iийначу Мугу Рашида.

Мугус дагалоьцу, Адыгей Краснодаран махках дIатуху, бохуш, хьалха а лелла боламаш. Царна дуьхьал дуккха а протестан гуламаш латтийна чергазаша.

Бакъоларъярхочунна Хатажуков Валерийна хетарехь, есачу меттехь иккхина а дац автономеш дIаяхарх долу къамел.

"90-гIа шераш доьрзуш, ша Iедале кхоччушехь, Путина [Оьрсийчоьнан президент] чехкаяьккхина и процесс – ца йитина республикашкахь суверенитет. И некъ сацийна а бац, хийцабелла а бац, кхидIа а бийр бу. 'Регионаш юзур ю' бохург - оьрсий алссам болчу мехкех субъекташ дIаеттар ю бохург ду. Царех цхьа кандидат Адыгей а ю. Иза деса къамел дац, вай орцахдовла деза. Баккъал а кхерам бу Адыгей оцу боламна юкъаозорна", - аьлла хета бакъоларъярхочунна.

Масал а ду Оьрсийчохь чергазийн жигархойн сингаттам эрна гIаьттина бацар гойтуш. Архангельск-махках Ненцойн автономи дIатохар ду Пачхьалкхан думехь дийца даьккхина.

Кхечу юкъархочунна, Кашеж Анзорна хетарехь, регионаш шоръечу даьлча, ГIебарта-Балкхаройчоьнах я Кхарачой Чергазийчоьнах дIатоха еза Адыгей.

"Къам, истори тидаме оьцуш хилча, экономиканна пайдедерг хьахош хилча, ГIебарта-Балкхаройчоь а, Кхарачой Чергазийчоь а тIаьххьарчех ю Оьрсийчоьнан регионийн рейтингехь. Республикийн бюджет, халкъ кхобучу метта, цигара бюрократи кхаба оьшуш нисло. Иза йоккха харцо ю. Цундела, регионаш шоръеш елахь, и ши республика а, цаьрца Адыгей а мегар ду цхьана регионан декъа ерзон, ца хуьлучу даьлча, иштта цадар зуламе а дер ду". – боху Кашежа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG