ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь лаьцначу Кутаевна тIе ца вуьту адвокат


Де-буьйса даьлла Нохчийчуьра вахархо, 21 шо долу Кутаев Юсуп Москварчу полицин декъехь латтош волу, цунна тIебуьтуш бац адвокаташ а, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Дийцарехь, иза лацаран бахьана хоуьйтуш а дац, я хIоттийна протокол а дац. Кутаевна а, цуьнца цхьаьна юридикан орца дехначу Москварчу вахархочунна Войтович Святославна а адвокаташ герга ца буьту.

"Селхана буса лаьцна ву Кутаев. Шен вешица цхьаьна хиллера иза петара чохь. ТIейоьхна полицин форма йоцчу наха, шайгара документаш а ца гойтуш, дIавигна Кутаев. Ткъа Войтович дийнахь, хIусам чу а лилхина, вигна ву. Кху хене девлла тхо цу шинна тIе ца дуьтуш. Оха хаам бина тхайна дуьхьало ярх кIоштан прокуроре а, Талламан комитете а, цкъачунна цхьа а реакци яц церан а", - аьлла агенталле адвокато Голенко Алексейс.

"Кавказский узел" агенталлан а аьтто ца баьлла Москварчу полицин декъера хиллачух комментари эца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG