ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дижонера нохчий: "Къаьркъа мелла шофер ца хиллехь, летарш хир дацара"


Дижонера къепедацараш
Дижонера къепедацараш

Шена хетарехь Дижонехь хиллачух дуьйцу нохчийн кхиазхочун дас

Кху беттан 13-чу дийнахь Францин Дижон гIалахь вовшех леттера Къилбаседа Африкера а, Нохчийчуьра а бахархой,яздо "Кавказ.Реаллии" портало. Францин хаамийн гIирсаша яздарехь, конфликтан юхь йолаеллера, "Iаьржа жовхIар" цIе йолчу кальянан барана гена доццучохь нохчийн кхиазхошна динчу тIелатарца. Доккхачу декъанна, оцу тасадаларшкахь 15 гергга стагана чевнаш хилла, амма церан дахарна кхераме хIума а доцуш.

Масийтта дийне дIадахделира Дижонера кхепедацарш. Францин полицино толлуш ду хилларг.

"Кавказ.Реалиин"корреспондентан аьтто хилира тIелатар динчу кIентан деца къамел дан. Шен цIе яккха цалиинчу стага иштта дуьйцу, шен версица, хиллачух.

- Хьуна муха хиира хьайн кIантана тIелатар дарх? Дийцахьа, карачу беттан 12-чохь хиллачух.

- Шен накъосташца цхьаьна спортзалера цIа вогIуш хиллера кIант. И кхуьй а цхьана ву спортаца латточу уьйраца а, дика доьшуш а ду и бераш. 17 а, 19 а, 20 шераш ду церан. Кальянан барана уллорчу кафе чу бахана хиллера уьш, кебаб эца дагахь. Оьшург а эцна, арабовлучу заманчохь меттигерчу бахархойх лаьттачу кегийрхойн тобана тIеIоттабеллера уьш. Я наркотикашца хиллехь а, я мелла хиллехь а, ца хаьа суна, дика боцуш хиллер-кх уьш. Кхеран кочабаьхкина уьш, шайга хьовсар ца тайна аьлла. Дош дашера а даьлла, гIуллакх гена дала доладелла. Оцу берашна йиттина ца Iаш, шаьш шу дойур ду бохуш, кхерамаш а цхьана тийсина хиллера цара. Сан кIантана бага тапча а гIортийна, аьшнашвеш, къамелаш динера, ткъа цуьнан доттагIчунна-албанхочунна коьртах тапчан мукъ тоьхнера. И дерриг а хIинца юха дуьйцуш а ца лало соьга, дог этIа сан, ойланаша тилаво со. Доцца аьлча, и бераш-кхиазхой меттигерчу дарбан цIийне балийнера, туьта-хьенаш лазийна а, кхин долчу кеп-кепарчу чевнашца а.

Со балхара цIа вогIучу заманчохь сан доттагIчо телефонехула хаийтира соьга хиллачух. Ма-дарра шена хаа лууш, соьца зIене ваьлла хиллера иза. Со Iадийнера, кхузахь хан йоккхучу заманчохь цкъа а цхьанца а сингаттам тхан Iоттабелла бацара.

- Ткъа муха нисделлера, Дижонехь оццул дукха шун махкахой нисбалар? Ахь орца дехнерий нохчийн диаспоре?

- ХIан-хIа, цхьанхьа а гIо доьхуш Iедал дац тхан. Сингаттам я цхьа хазахетар хилча, нохчийн Iедал ду вовшахкхеташ. Цхьаннах цхьа
гIайгIа-бала хьакхалой, оха ца хоьтту: оьшу-те цига даха, я ца оьшу-те, олий. Тхо маса дIахьовду гIоьнна. Сан махкахой меттахбаьхна ца Iаш, меттигерчу францхошна а новкъадеанера и.

Нагахь санна, баккхийчарна юкъахь цхьа дар-дацар а хиллехь - и ша ду, кхин ситуаци ма ю, нагахь санна, берийн коча баханехь, церан коьртех герз хьежор.

Дижонехь бехачу нохчаша полицина тIедожийра, гIуллакхан йист яккхар, ишшта-м тхо бакъонашларъярхошца а зIене девлира, меттигерчу Iарбойн диаспорийн векалшка а дIахьедира. Оха бохург хIун дара: я тхоьга схьало бехкенаш, я полицина тIебахийта уьш. Дуккха а тешаш а болуш, дуккха а нехан бIаьргашна хьалха хилла инцидент яра иза.

Социалан машанашкахь а дийца даьккхира цунах лаьцна.
Snapchat апликацехула сан кIентан а, цуьнан доттагIийн а сурт даржийра, цара нах байа кхайкхамаш беш. Тхуна кхерамаш туьйсура, ткъа полици, дерриг а ша-шах дIадуьжур ду аьлла, хеташ хиллехь а, я меттигерчу тобанех ийзалуш хиллехь а, жигара яцара. ТIаккха тхан махкахой гIоьвттира, Iедалхошка оцу гIуллакхан цхьа нийсо яйта, тIедожош. Бераш школе ца дахча а ца довлура, спортазале а, гIали юккхехула дIаса ца лелча а ца бовлура. Кхин дIа а даха дезаш ма дара тхо.

- Муха дирзира шун гулдалар Къилбаседа Африкерчу бахархошца вовшахтасадаларе?

- Дижонехь вовшахбетта буьйлабелира тхан махкахой, 200 гергга нах гулбеллера. Полицин белхахой а, меттигера жандармери а араяьлла лаьттара массо а гIалин чувулучохь, хIора машенех хьуьйсура уьш, массарех а талламаш бора. Бакъду, цхьа а полицех къаьхкаш вацара, я уьдуш а вацара, цхьа а вен Iалашонца цхьанакхетта ма дацара тхо. Оха тIекхиийра полисхой, меттигерчу диспоран векалшца а, Къилбаседа Африкерчу бахархошца а, иштта, гIалин мэраца а цхьанакхета гулделла ду тхо, тхайца цу тайпа юкъаметтигаш могуьйтур йоцийла а хоуьйтуш, тхайн берех куьйгаш Iуьттуьйтур доций дIахаийта а аьлла. Оха полицига элира, шу а кхузахь хила луур ду тхуна аьлла, уьш-м бисса а биссира цигахь.

Оцу цхьанакхетарх вовшех хьерчар хилира, къаьркъа мелла цхьаъ машен чу а хиъна, гулбеллачу нахана юкъахахкавелча. Бордюрах а кхетта, машен хаьрцира цуьнан. Делан къинхетам бу, цхьа а ца лазош дирзира. Цул тIаьхьа летарш хилира, амма полицино маса дIасабохийра нах.

- Меттигерчу бахархойн а, шун лулахойн а реакци муха яра?

- Цхьа товш доцу хIума ду хIара. Сайн доьзалца Iарбойн кварталехь вехаш ву со, тхайн лулахь бехачу нахаца а, балха тIехь а цхьа дика юкъаметтигаш яра сан. Массо а эргIадваханера хиллачунна.

- Шун корашна кIеллахь меттигерчу тобанаша герзаш деттар бакъ дарий?

- Бакъ дара. Суна хетарехь, тхо кхеро гIерташ хиллера уьш, соьга полицига арз ца дайта. Делан къинхетам бу, цхьа а лаза а ца веш, вен а ца вуьйш, дирзира.

- ХIинца мича тIегIанехь ду гIуллакх? ХIун боху Iедало а?

- Тхан цхьанакхетарш хилла кеп-кепарчу организацийн векалшца а, иштта тхан берашна тIелеттачийн гергарчаьрца а. Шайна къинтIера довлар дехна тхоьга церан наха, ткъа меттигерчу полицино дош делла, гIуллакх листа а, бехкечарна таIзар дан а. И дар-кх тхуна Iедалан векалшкара луург а, оха доьхург а. Оцу хIоьттинчу проблеман цара терго а йина, цхьа сацамбан лууш дара тхо. Тхайн бераш а, зударий а царех ларбан цхьана кепара гарантеш оьшура тхуна. Хала хеташ делахь а, хIокху некъашца дан декхаре хилир-кх тхо. Бакъдерг дийцича, летарш хир дацара, нагахь санна, къаьркъа мелла машенлелорхо гулбеллачарна тIехахкавала ца гIоьртинехьара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG