Талламан комитетан сайто бечу хаамца, ГIалгIайчоьнан министрийн кабинетан экс-куьйгалхочунна дуьхьал бехктакхаман дов айдина.
Иза бехке во шегахь хилла бакъонаш совъяхарца зулам дарна. Цхьадолчу телеграм-каналаша цIе йоху «хиллачу куьйгалхочун» - Гагиев Руслан.
Талламан версица, 2017-чу шарахь цо, низам а талхош, пачхьалкхан хьелийн комплекс 49 шарна дIаелла цхьана коммерцин фирмина. 2014-чу шарахь федералан бюджетера ГIалгIайчоьнна деллачу 804 миллион соьмах йина а, шарахь 19 миллион соьманна са луш хилла ю комплекс.
Объект фирмина дIаеллачул тIаьхьа республикан бюджете кхачанза дисина оцу фирмано йоланна дала дезаш хилла 37,5 миллион сом, боху Талламан комитето.
Де хьалха Оьрсийчоьнан Инарла прокурора Краснов Игора элира, коррупци уггар кIезиг яьржина мохк бу ГIалгIайчоь.