ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь карантин юхаяьккхина


Оршотан дийнахь дуьйна Нохчийчохь карантинан раж юхаяьккхина, махкахула дIасалела маршо елла аьлла, хаам бина "Коммерсанто". Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина цу кепара дIахьедар, оперативан штабан кхеташонехь. Делахь а, шога ларбан безар бу Роспотребнадзоран билламаш: масканаш лелор а, дистанци ларъяр а.

Нохчийчохь цкъачунна болх бан йолаяланза ю ресторанаш а, кафеш а, иштта бихкина бу нах гулбен барамаш хIиттор а. Кеманашца Соьлж-ГIала лелачу некъахойн карахь коронавирус цахиларх тоьшалла-кехат хила деза аьлла.

"Дозанашкахь хьал лардийр ду оха, ун кхин дIа ца даржийта", - яздина Кадыровс шен Телеграм каналехь.

Федералан оперативан штабан зерашца, Нохчийчохь карарчу беттан 21-чу дийнахь 1, 6 эзар стаг ву коронавирусан ун даьлла, кхелхина эпидеми яьржичхьана 20 стаг.

Коронавирусан эпидеми яржарца доьзна Зазадокху-беттан тIаьххьарчу деношкахь кхайкхийнера Нохчийчохь карантин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG