ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нана: "Эксгумаци йича гира: цунна тIехь мо бара"


Умаева Мадинин нана Давлетмирзаева Хутмат

Карарчу беттан 12-чу суьйранна Нохчийчуьрчу Устрада-ГIалара схьаяьлла 23 шо долу Умаева Мадина елла карийра Гуьмсехь. Сихонца оцу буьйсаннехь дIайоьллинера иза. Талламичийн сацамца, цуьнан дакъа коша чуьра юха схьаийцира. Кхелан-медицинан экспертизо къастор ду, йийна ю иза, я ша елла, яздо "Кавказ.Реалии" портало.

Мадинин гергарчара чIагIонаш йо, марнана а декъахь йолуш, цIийндас дов даьллачохь, йийна иза бохуш. УмаевгIара бахарехь, берана луш долу ахча дайина аьлла, кочавахначу хIусамдас буйнаш биттина юьхьанца, юха кара мел еанарг тIеетташ, йийна церан зуда.

ХамидовгIара, зудчун хиллачу марзоша, и верси бакъ ца йо. Цара дийцарехь, эпилепсин лазар а деана, ша елла ю иза. Экспертиза йина довллалц, таллам бечара цхьа а комментари луш яц.

"Эладиташ" ду, Мадина йийна бохуш, даржон хабарш аьлла адамийн бакъонийн Кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас. Инстаграмерчу шен пена тIехь цо бехкаш дохку, иза йийна бохуш, цуьнан нана Давлетмирзаева Хутмат дог кIадделлачу хьолех латточарна.

"Шена тIедеанчу воно холчахIоттийна нана йоьIан тезетахь йолу кхоалгIа де а хиллера. Оцу юккъехула телефонехула цуьнга хаамбо, хьан йоI йийна ю олий. Дешнийн маьIнех ца кхета иза дуьххьара. Амма тIаьхьий-хьалхий гергарчара а, бевзачара а, ца бевзачара а кхоьхьуьйтура хаамаш. Оцу информацино йожийнера и миска нана. ТIаккха тIедожийна цо, шен йоI дIайоьллинчуьра хьала а яккхий, экспертиза яйта аьлла. Еллачун марзой эргIадбахийтинера цуьнан лаамо. Ткъа цул тIаьхьа мел лелачу эладиташа а, церан леларо а лечуьра яьккхира и миска зуда", - аьлла, дIахьедина Саратовас.

Оцу юкъанна, "Грозный" телеканалан корреспондентца Давлетмирзаевас дечу къамелан видео а яьккхина Саратовас шен агIонехь зорбане.

Цу тIехь зудчо дуьйцу, шен йоьIан хиллачу марненан кертахь ша йолчу хенахь телефон тIе хаам беара шега, йоI йийна ю аьлла. Хьем ца хуьлуш, цхьа нах баьхкира боху цо, и сингаттам хуьлучу заманчохь шен нуц балхахь хиларх тоьшаллаш ден, кехаташ а дахьаш.

Цаьрга хьажа а ца хьожуш, оцу кертара араяьлла дIаяханера йоьIан нана. ТIаьхьо шена бевзачара хаамаш кхачийра шега боху цо, шен йоьIан юьхьа тIе пудар хьекхна хиллера цара, цундела цуьнан юьхьа тIехь хилларг иза дIаюллучу буса тидамза дисинера аьлла.

"ЙоI хьалайоккхучохь со хилира. Сайн йоьIан дакъа моргехь а гира суна. Муо бара цунна тIехь я чов хиллехь а, цунах даьлла цIий а дара", - дуьйцу Давлетмирзаевас.

Нана тешна ю, шен йоI йийна хиларх. Цхьа эпилепси а, астма а, я аллерги я яцара шен йоIаца бохуш, чIагIдо нанас.

Социалан машанашкахь хаамаш лела, дийна йоллушехь дIайоьллина хила мега Умаева бохуш. Цу кепара къамелаш дечу гергарчийн аудиош Iораяьхна IADAT телеграм-канало а.

Къизаллашна дуьхьало латточу комитетан юристана Янгулбаев Абубакарна а хета, и тайпаниг хила тарло аьлла: "Иза дийна йоллушехь дIайоьллина хила мегар-кх аьлла, ойла яра сан. ХIунда аьлча, лоьраш хьоьвсина а боцуш, кхузахь иштта дан а ду, адам дIадоьллича нислуш хIуманаш ду уьш. Меттигерчу фельдшеро бIаьргтоьхна тIеххула, иза лор ма воций".

Талламчашна гергарчу "Кавказ.Реалиин" хьостано бахарехь, дийна йоллуш лаьттах йоьллина аьлла хетийтина тарло, цунна эксгумаци йича дайначу суьрто: марчох дуккха а цIий хиларо шеконаш кхоллайо, дIаюллучу заманчохь яланза хиларан.

"Кеста хуур дац бакъдерг: цигахь гистологи ян а еза, хIора хьаса талла беза", - боху, шен цIе яккха ца лиинчу порталан хьостано.

Иштта цо дийцарехь, масех де хьалха Умаева Мадинин да гучуваьлла, доьзалца Iаш воцу дикка хан а хилла иза. Шен йоI ша дIаюллур ю аьлла, дIахьедина цо. Да хиларе терра, Iадатехь цуьнан бакъо ю иштта.

Мадинин нанна гIо деш ю "Правовая инициатива" проект. ЙоI дIайоьллинчуьра хьалайккхуш видео дIаязйира, амма нанна пурба ца делира цуьнга хьажа.

Бобераш дисина Мадинин кхо бер: ши йоI а, кIант а, дийцина Саратовас. Ши йоI шеца дIайигина Давлемирзаевас. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара говзанчаш бу гIуллакх толлуш. Цкъачунна Мадинин хилла цIийнда Хамидов Висхьаьжа, цо йийна хила мегара аьлла, шеконашка эцна вац Iедало.

New Comments Available
XS
SM
MD
LG