ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь эксгумаци йина 23 шо кхаьчначу зудчунна. Иза йийна, боху гергарчара


Устрада-ГIалара схьаяьллачу 23 шо кхаьчначу, Гуьмсерчу "Дружба"-куьпахь марехь хиллачу Умаева Мадинина эксгумаци йина. Кху беттан 12-чу дийнахь елла, буса дIайоьллинера иза. Амма цуьнан гергара нах шекбара иза ша елла бохучух. Цуьнан кхалхар толлуш ду Iедал экспертиза ярца.

И информаци бакъйира "Кавказ.Реалиица" къамел деш Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонехь адамийн бакъонаш ларъечу кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас. Цо дийцарехь, талламчийн а, прокуратуран а, полицин а тергонехь ду хьал. Умаеван ялар мел зIе йолуш ду шен майрачуьнца Хамидов Висхьаьжица леллачу юкъаметтигца толлуш бу низамхой.

Социалаш машанашкахула зудчун гергарчара яржийначу версица, берашна Iедало лучу ахчанах телевизор эцарна яллалц йиттина цунна майрачо.

Еллачун ненан Довлетмирзаева Хутматан агIор юридикан болх болийна "Правовая инициатива" проекто.

Довлетмирзаевас боху, шена ялале гира шен йоI, гIело йо шена хIусамехь, элира цо, ша садеттар дийхира цуьнга. И къамел хиллачу дийнан сарахь елла карийна къона зуда. ДIайоьллина оццу буса.

Кхо бер дисина Мадинин, доьалгIачух а хилла иза, элира Саратовас "Кавказ.Реалиига".

розный" телеканалан эфирехь орцан медицинан фельдшеро Абузайдов Турпал-Iелас дIахьедина, шена ца хааелла еллачуьнца иза йийна ала ларш, аьлла.

"Iазапна дуьхьалояран комитетера" юрист Янгулбаев Абубакар тешна ву, оьшур дацара эксгумаци ян, нагахь санна полицино шайн болх бан ма-беззара бина хиллехь бохучух.

Янгулбаевс иштта боху: "Медицинан таллам бина хила безара, кхалхаран бахьана къастош экспертиза а йоккхуш, теллина хила дезара, стенна эшна зуда буса дIайолла – иштаниг зуьйш хуьлу ерриг а Оьрсийчохь. Цу сахьта дакъа дадийна дIадолларо шеко юьту зуда шен Iожаллах ца елла ала ".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG