ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дижонехь итт стаг лаьцна полицино


Франци, Дижонера полици
Франци, Дижонера полици

Францерчу Дижонехь мел лахара а 10 стаг лаьцна полицино а, жандармерино а дIахьочу леринчу операцехь. "Российская газето" бина цунах лаьцна хаам. Лецнарш билггал мьулш бу дуьйцуш дац. Газето яздарехь, герз даржорна дуьхьал къийсам латтон хIоттийначу планан цхьа дакъа ду цигахь бина талламаш.

Дахначу кIиранчохь Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачу бахархошна юкъахь хилла къепедацарш бахьана долуш гIали чохь чIагIбина дIахьон барамаш. Деа дийне яхъеллера нохчашна а, Iаьрбашна а юкъара Дижонехь иккхина конфликт.

Маршо Радионо яздира шен агIонехь, беттан 10-чохь Францерчу Дижон гIалахь Алжирера а, Мароккора а схьабевлла кегийнах нохчашца девне бовларх. Дерриг а доладеллера 16 шо долчу нохчочунна йиттинчул тIаьхьа. ГIалахь наркотикаш юхкучу наха дина и зулам, аьлла, гIалин юккъехь лаьттачу кальян-баран дайх летта нохчий. Цул тIаьхьа дIасабахна. Амма эццахь гIалахула талораш дан буьйлабелла нохчашна дуьхьаллаьттарш. Цигара хьал машарца дерзо гIерта нохчийн Францерчу диаспорин куьйгалхой.

Дижонера хьал Францин полицино шен тергонехь латтош ду беттан 16-чу дийнахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG