ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дижонехь хилларг емалдина нохчийн ассоциацеша


Страсбургерчу нохчийн ассоциацийн векалша оршотан суьйранна дIаяьхьначу пресс-конференцехь емалдина Дижонехь хилла къепедацарш. Францхойн Le Figaro газето бина и хаам. Низамийн гурашкахь дерриг а хаттарш листахьара аьлла, кхайкхам бина гулбеллачара.

Цара чIагIдо, Дижонехь шайн махкахойн хилла реакци – бахьана дацара, таллар дара бохуш. "Полицино деш хIумма а ца хиларца дара бахьана. Оцу гIаличохь нохчий гучубовлар 16 шо долчу кIантана еттар дара", - дIахьедина Страсбургерчу нохчийн ассоциацийн векалша.

Царна хетарехь, къаьмнашна юкъахь хилла конфликт яцара иза, хIунда аьлча, Францерчу массо а тобанхошца дика юкъаметтигаш ю нохчийн, яздо "Фигароно".

Маршо Радионо яздина ма хиллара, Францерчу Дижон гIалахь Алжирера а, Мароккора а схьабевлла кегийнах девне бевллера кху беттан 10-чохь. Дерриг а доладеллера 16 шо долчу нохчочунна йиттинчул тIаьхьа. ГIалахь наркотикаш юхкучу наха дина и зулам, аьлла, гIалин юккъехь лаьттачу кальян-баран дайх леттера нохчий. Цул тIаьхьа дIасабахнера. Амма эццахь гIалахула талораш дан буьйлабеллера нохчашна дуьхьаллаьттарш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG