ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нийса дарий Басаев Буденновскера дIавахийтар?


Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро а, "Ельцин Центро" а онлайн-къамелаш дина Буденновске Басаевн тобано 1995 шеран Мангал-баттахь тIеман рейд ярах лаьцна. Дискуссин декъашхоша дийцаредира оцу заманах халкъанна дагадогIург а, пачхьалкхо дина жамIаш а.

1995-чу шеран Мангал-беттан 14-чу дийнахь герзахоша дIалецира Ставропол-махкарчу Буденновскера дарбан хIусам. Закъалтхой лецар дахделира беттан 19-гIачу дийне кхаччалц.

ХIетахь Буденновскехь Басаев Шемалан тобанца лаьттинчу бертан кIамелашкахь дакъалаьцначу бакъоларъярхочо Орлов Олега ма-аллара, оцу терроран тохарна бухахь бара Нохчийчохь эха шаре а баьлла боьду тIом. Юьхьанца тIеман операцица дарбан хIусам долаерзо гIоьртира федералан эскар, амма ийшира. Цул тIаьхьа дийцарш долийра Басаевца бакъоларъярхочун Ковалевн тобано.

Бертан тобанехь хилла политик, бакъоларъярхо Ковалев Сергей а, бакъоларъярхо Орлов Сергей а, Пачхьалкхан Думин депутат Рыбаков Юрий а (1993–2003), Ставропол-мехкан администрацин белхахо Попов Сергей а. Церан аьтто баьлла дарбан хIусамера дукхаболу нах хьаллакбечуьра кIелхьарбаха.

"Оха тхешан декхар лерира цига дахар, Басаев агIонца къамелдар. ГIоьртина хьал дара тхо Буденновске дIакхачча. Цхьаболучара, тхуна тIе а оьхуш, доьхура: "ТIом ма байтахьара, штурм ца хилийта хьовсахьара". Вуьйш, полицин векалш а, кхиболу ницкъхой а, ца тешаш хьуьйсура тхоьга", - дийцира шаьш Буденновске кхаьчча шайна гонах лаьттинчу хьолах лаьцна Пачхьалкхан Думин Депутат хиллачу (1994–1999) Борщев Валерийс.

Орловс дагалецира гIалин бахархошкара хьал: "Уьш оьгIазе бара, амма и оьгIазалла яхьа меттиг яцара церан, цундела тIебаьхкинчу наханна тIеерзайора иза", элира Орловс.

"ГIала веъначу стаге хоттура бухарчу бахархоша: "Хьо мила ву? " Ахь жоп лора: "Со депутат в". Эццахь оьгIазалла юссура нахе: "Хьо депутат хилча, ахь хIумма а стенна ца до?" - хоттура. Логика каро хала дара. Дан гIо дацарна оьгIазъоьхура нах", - элира Орловс онлайн-къамелехь.

Дискуссин декъашхоша бахарехь, Буденновскехь санна, бертан къамел Iедало ца дина кхин цкъа а, цхьаьна а тIелатархошца. Iедал ницкъхой карадахначул тIаьхьа чекхдаьлла террорхошца муьлххачу а кепехь къамелаш дар. Ишта некъ пачхьалкхан куьйгалхоша юьхьаръэцар бахьана долуш, вуно дукха нах белла леллачу тероран талорашкахь, чIагIдо Орловс.

Онлайн-къамелан декъашхоша билгалдаьккхира, Буденновскера хиламаш бицбина, уггаре хьалха дагалоцург хуьлу Москвара Дубровка я Бесланера школа, аьлла.

Борщевс ма-аллара, ницкъхошна эхь хета Буденновскехь Басаевца барт карийна хилар дагалеца – цара иза шайн хьукматийн ледарло лору.

"Бертан къамелаш дар, цигахь коьрта Iалашо нах маьршабахар хилла хилар – иза дакъазалла лору таханлерачу Iедало. Ала деза, журналисташа а йицйина Буденновск. Амма хаа деза, хIетахь тIелатархошца барт карор – иза бакъоларъярхойн толам бара. Бакъду, ницкъхойн таханлера концепци кхин ю – террорхошца цхьаьна цара закъалте лецнарш а хIаллакбар", - билгалдаьккхира Борщевс.

Бакъоларъярхоша дийцарехь, нахалахь хеза, хIетахь Басаев Шемал Буденновскера дIа ца вахийтинехь, Нохчийчохь шолгIа тIом бер бацара, олий. Орлов Олега бахарехь, ца хуьлийла дацара "шолгIа" тIом, иза оьшура Оьрсийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а тIеман ницкъашна. ГIоьртина юкъаметтигаш йоцуш ца мега дукхахболу ницкъхой, аьлла хета Орловна.

"Буденновскера Басаевн тIемалой дIабахийтаро кхоьллира тIаьхьайогIучу заманца хиллачу терроран тохаршна бух, олуш хеза кест-кеста. Олу: "Лийр бара дуккха а нах, амма террорхошна хуур дара вай кхеро гIертар эрна дуйла. Амма цул тIаьхьа цхьа а ваьхьар вацара нах дIалеца". Хууш ду и кхетам пачхьалкхера бу, ткъа ша пачхьалкх ницкъхойн букъа тIехьа ехаш ю", - аьлла хета Орловна.

Буденновскехь нах закъалтанна лецча велира 129 стаг, 18 милцо а, 17 эскархо а вара царалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG