ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь болх бан юьйлалур ю спортан майданаш а, кафеш а


Коронавирусан пандеми бахьана долуш тоьхначу карантинан дозанаш малдеш, карарчу беттан 25-хь дуьйна республика шолгIачу муьре ерзочу омрана тIе куьг таIийна мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас, яздо ТАСС агенталло.

Бакъо хир ю йиллинчу майданашкахь спорт лело. Еарин дийнахь дуьйна болх бан юьйлалур ю цхьайолу дешаран хьукматаш а, аьхкенан кафеш а, ресторанаш а. 400 еакIов метар йолу йохкаран объекташ а схьаелла дагахь бу ГIалг1айчохь.

Карарчу беттан 8-чу дийнера схьа болх беш ю республикехь юкъара транспорт а, коммерцин медицинан центраш а, стоматологин а, адвокатийн а, нотариалан а офисаш а.

Официалан зерашца, таханлерачу дийнахь ГIалгIайчохь коронавирусан инфекцица вара 2 889 дархо, царах 2 353 стагана дарба хилла, кхелхина 67 пациент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG