ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмехь стаг лачкъорна бехкево кхо нохчо


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Кху беттан 25-чу дийнахь Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь бехкзуламан гIуллакх айдина, Ялтера вахархо ахча даккхархьама лачкъорна а, ницкъбарна а. Оцу гIуллакхна шеконашка эцна ву Нохчийчуьра кхо вахархо, яздо "Интерфаксо".

Талламчийн версица, шайца цхьана гIаларчу гIишлошъечу меттигашкахь белхаш бина Ялтера вахархо лачкъо барт хилла оцу кхааннан, бинчу балхах цо шортта ахча эцнийла шайна хиича.

Алупкерчу цуьнан цIенна герга а баьхкина, бертаза иза машен чу а тоьхна, Голубой Залив олучу эвлана гергарчу къорачу хьуьнха валийна хилла цара, яздо агенталло, Талламан комитетна тIе а тевжина. Маьршавоккхург 1 миллион сом ахча ло бохуш, йиттина цара шайн каравеанчунна. Эххар а вада аьтто баьлла цуьнан.

Шинарин дийнахь цаьргара телефон а, паспорт а шен схьаэцархьама, доьхучу ахчанан цхьа дакъа дIалучу заманчохь лаьцна Нохчийчуьра кхо вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG