ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Системано вуьйш ву иза": Нохчийчуьрчу тутмакхехь Iазап латторах дIахьедо бакъонашларъярхоша


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Социалан машанашкахь видеоролик яржийна, Нохчийчуьрчу йоккхачу стага мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а, бакъонашларъярхошка а дехар деш, "тIаьххьара шен кIантах бIаьрг тохийтахьара" шега бохуш.

Цуьнан кIант – Гадаев Беслан- карарчу заманчохь Владимир гIаларчу лоьмар 1 йолчу СИЗО-хь ву. Цуьнан адвокато чIагIдарца, цхьа а дуьйцуш бахьана а доцуш схьавалийна Гадаев Владмирскан кIошта.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центрехь хаамбина, Нохчийчуьра схьаваьллачу вахархочунна иза мел латтийначу набахтешкахь тIехь даим а беш ницкъ бу аьлла.

2006-чу шарахь Украинехь лаьцна Гадаев Оьрсийчоьне дIавелира, ФСБ-н дехарца. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн версица, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь федералан эскаршна дуьхьал лаьттина ву иза. Зуламан кодексан масех артиклехь бехкаш дехкира цунна: 209 (талораш лелор), 105 (стаг вер), 222 (герз латтор), 166 (нехан машен схьаяккхар). Эххар а кхелахоша 21 шо хан кхайкхийра цунна набахтехь яккха.

Гадаевс а, цуьнан адвокаташа а масийттазза дIахьедира, кхерамаш а туьйсуш, бертаза мукIарло дайтина цуьнга бохуш.

Приморскан махкарчу ИК-22 набахте дIахьажийра иза 2007-чу шарахь тоьхна хан такха. "Мемориалехь" дийцина, колони схьавалийча, гIуданан изолятор (ШИЗО) чу воьллира иза 15 де а, буьйса а даккха аьлла. Цул тIаьхьа эхашарна камеран кеперчу хIусаме (ПКТ) хьажийнера. Цигара араваьлча юха а ШИЗО, тIаккха ПКТ.

2010-чу шеран гурахь оццу Приморскан кIоштарчу 27-чу колоне дехьаваьккхира Гадаев. Цигахь а изза хьал латтадора тутмакхехь: кIиранна карантине хааво, цул тIаьхьа шогачу хьолехь латточу чохь (СУС) вуьту, тIаккха ШИЗО чу кхуссу 15 денна, цигара араволлушехь ялх баттана ПКТ вохуьйту. ТIаьхьо ИК-6 колонин дIакъевлинчу набахте (ЕПКТ) хьажаво

Набахтин администрацица къовса а вуьйлира Нохчийчуьра вахархо, амма хIоразза а иза оьший доьрзура бохуш, дуьйцу бакъонашларъярхочо Титиев Аюба.

2014-чу шеран Дечкен-баттахь кхозлагIа Нохчийчу вигира Гадаев, "керла гучудевллачу бехкашна" тIехула хеттарш дан. Бакъду, хIетахь аьтто белира Гадаевн, ша бехке цахиларан тоьшалла дан. ТIаккха юханехьа ша хиллачу набахте дIавигира иза. Кхо шо даьлча Комерчу Микунь гIала кхачийра тутмакх. Иза чохь латтон хьелаш а, меттиг а кест-кеста хуьйцуш яра, билгалдоккху Титиевс. 2017-чу шеран Дечкен-баттахь лоьмар 25 йолчу колони дIавигира Гадаев, ткъа Зазадокху-беттан 3-чохь оццу Микунь гIаларчу лоьмар 31 йолчу набахте.

"Цуьнан истори кхечарех тера яц. ХIара шога тоьшалла ду, таIзар динчу стагана кху системано юха а, юха хьукма деш хиларан. Массо а низамаш а, адаман бакъонаш а хьешар ду иза. Чакхе а, йист йоцуш ду, цара тIаьхьий-хьалхий ден и таIзарш. Системано вуьйш ву иза", - аьлла, дIахьедина "Кавказ.Реалиига" бакъонашларъярхочо Титиев Аюба.

Гадаев Беслан
Гадаев Беслан

Гадаевн гергарчара чIагIонаш йо, шайн стаг масийттазза профилактикан чоьте язвеш хиларх, иза Нохчийчуьра схьаваьлла хиларан бахьанашца. Ткъа колонийн администрацеша дуьхьало йо адвокаташна цунна тIехIотта.

Стохка Гезгамашин-баттахь цуьнан хIусамнанас Гадаева Екатеринас Оьрсийчуьрчу федаралан таIзар кхочушдаран урхалле (ФСИН) дехар динера, шен цIийнда ша ехачу кIошта сехьаваккхахьара аьлла. ФСИН-ан куьйгалхочун гIовсо Шмидко Андрейс деллачу жоьпаца дуьхьало йира цунна.

Кху шеран Стигалкъекъа-беттан 20-чохь Владимирскан кIошта дIавигира Гадаев. Стигалкъекъа-беттан 27-чу дийнахь дуьйна лоьмар 1 йолчу СИЗО-хь "этапе" бига кечбинчийн пунктехь латтош ву иза, бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, дийнахь масийттазза цунах талламаш а беш. Масала, Мангал-беттан 20-чохь рогIера цуьнан хIуманех хьовсучу заманчохь, шайна лезви карийна аьллера тутмакхе СИЗО-н белхахоша.

Мангал-беттан 4-чохь дисциплинаран комиссин сацамца, 15 денна гIуданан изолятор чу воьллира Гадаев. 2 метар еха, I метар готта камера чохь латтош ву ша аьлла, дийцинера цо шен адвокате Чванова Юлига. Матарбамба лаьцна пенаш ду, ткъа юург цхьа а чам боцуш хуьлу аьллера Гадаевс.

Иштта, цо дIахьедина, СИЗО-н белхахошкара шега кхочучу кхерамех а. Айхьа хьайна тоьхна лечу хьоле воккхур ву шаьш аьлла хиллера цара.

ТIаьххьара Чванова хилла Гадаев волчахь байначу беттан 8-чу дийнахь. Ткъа 15-чохь, ша Iалашвечух юха а цхьанакхета иза еача, СИЗО-хь цуьнга хаамбинера, Гадаев лоьмар 6 йолчу колони дехьаваьккхина аьлла. Амма оцу колони цо телефон тоьхча, къаьстира, и цIе йолу тутмакх цига кхаьчна цахилар. Гадаев варах хаамбира Мангал-беттан 16-чохь адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а. Фейсбукерчу шен пена тIехь Чвановас хаамбира журналисташка а, бакъонашларъярхошка а, иштта латкъам бира Владимирскан кIоштарчу прокуратуре а, ФСИН-е а. Цул тIаьхьа "схьакарийра" Гадаев, Владимирерчу оццу лоьмар 1 йолчу колонехь.

ГIуда тоьхначу изоляторера иза дагахь а доцуш камера чу валийра 8 дей, буьйсий даьлча. Бакъо елира шен хIусамненаца къамел дан а. Цо дийцина "Гражданское содействие" организацин бакъонашларъярхошка, шен цIийнден аз гIийла дара, амма "дерриг а дика ду" бохура цо шега аьлла.

Бакъонашларъяран организацино билгалдаьккхина, Гадаев адвокатца мел хуьлу хIора цхьанакхетар СИЗО-н кхо белхахо юкъахь а волуш, хIоттийна видеорегистратор а йолуш хуьлуш ду аьлла. Шаьшшиъ къамел дан дуьтуш дац и шиъ. Иштта ка ца яьлла адвокатан Чванован тутмакхна йиттина хилар толлуш, цуьнан дегIах хьажа а.

"Иза дуьхьал хилира тIехулара коч дIа а яьккхина, шен дегIа тIехь йиттина лараш а, моьнаш а ца хилар гайта. И Iаламат инзаре ду", - дийцина Чвановас.

Владимирерчу СИЗО-хь транзитан пунктехь Гадаев латтон магош йолу низамийн хан а тIехтилла аьлла, тIетоьхна адвокато. Стенна латтош ву дийнна баттахь талламан изоляторехь тутмакх аьлла, шайга деллачу хаттарна, жоп луш дац хьукматан администрацино я гергарчарна а, я бакъонашларъярхошна а.

"Кавказ.Реалиина" комментари яла а дуьхьал хилира иштта лоьмар 1 йолчу СИЗО-н белхахой а.

Материалан оригинал кхузахь ю

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG