ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Барто 14 пачхьалкхана схьадиллина шен дозанаш. Оьрсийчоь яц царна юккъехь


Европан Бертан кхеташоно 14 пачхьалкхаца магийна Товбецан-беттан 1-чу дийнахь дозанаш делла. Яц царалахь Оьрсийчоь а, Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а. Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхех цхьа Гуьржийчоь бен яц оцу могIарахь.

Магош ду Европан Бертан дозанаш делла Алжирна, Австралина, Гуьржийчоьнна, Канадина, Мароккона, Керлачу Зеландина, Руандина, Сербина, Таиландна, Тунисна, Уругвайна, Черногорина, Къилба Корейна, Японина. Китайна доьллур ду Европе доза, нагахь санна цо шен дозанаш европахошна а деллахь.

Европан доза пачхьалкхашна деллар дийцаредеш хир ду хIора шина кIиранах цкъа, амма мехкаша шаьш тIеоьцур бу сацамаш, Евробертан юкъара кеп а ларъеш.

Шен дозанаш муьлхачу хьелаша магадо делла а къастийна Европан Берто. Пачхьалкхашкахь коронавирус яржар хила ца деза Европерчу мехкашкахьчул лакхара, дено-дено лахлуш хила а деза пачхьалкхашкахь цомгуш хуьлучу нехан терахьаш, жигара беш хила беза мекашкахь уьнна дуьхьал болх, цунах лаьцна тешаме информаци а хила еза пачхьалкхаша яржош, боху Европан Бертан кхеташоно.

  • Шенгенан зона (юкъайогIу ЕвроБертан дукхахйолу пачхьалкхаш) къовлаелира Зазадоккху-беттан юккъерчу деношкахь. Къевлира шайн дозанаш шаьшлахь Европан мехкаша а. Мангал-беттан тIаьххьарчу кIиранах диллина цара шайна юкъара некъаш.
  • Шенгенан зонерчу мехкашка кхача йиш ю цигахь баха бакъо йолу документаш долчу Оьрсийчоьнан бахархойн. Лелаш яц цкъачунна туристийн визанаш.
XS
SM
MD
LG