ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаман Габышев Александр зуьйш бу психиатраш


Якутин Лакхарчу кхело тахана, Товбецан-беттан 3-чу дийнахь, шаманан Габышев Александран арз луьстуш, рогIерчу психиатриян экспертизе хьажийна иза, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Амма и таллам бан къастийнарг ю хьалхо шаман коьртаца могуш вац аьлла, ша бинчу сацамца иза шен дарбан чоьнашкахь латтийна йолу Якутскера неврологин диспансер.

Бутт белла кхело экспертиза ян, ткъа шайна оцу диспансеро Габышевца нийсо лелор ю аьлла ца хета, шаьш йозуш йоцу экспертиза ехнера, амма ца елла, дийцира "Сибирь.Реалиига" шаманан адвоката Тимофеева Ольгас.

"Кхета хала ду хиллачух! Юьхьанца йина экспертиза мел нийса ю листар караделла хьалха иза могуш вац аьллачу эксперташна – шаьш-шайна тешийна ревизи! Хир дац жамI хьалхачух къаьсташ, хууш ду дендерг. Цундела кхелан сацамна духьал протест кечъеш ду тхо", - элира Тимофеевас.

Бутт хьалха Якутскерчу кхело лаамза психиатриян диспансере виллира Габышев. Цуьнан могашалла хьехочу документаша билгалъяккхина диагноз ю цо "шен мах бестор" а, "низамехь долу Iедал карчадаре нах кхайкхар" а.

  • Габышев Александр 2019-чу шеран бIаьста Москва ваха новкъавелира, цигахь "Путин эккхош", шаманан доIанаш дан. Бурятин доза а хадийна, Иркутск-махка кхаьчча лецира иза. Якуте юхавалийра, тIаьхьо психикан диспансере виллира. Талламан лаамца, Габышев коьртаца могуш вац, аьлла меттигерчу эксперташа. Цуьнца цхьаьна жоьпалле ийзабо, цуьнан некъ къобал а беш, улле бевлла, Москва баха дагахь хилла нах а.
  • Шегара кхетам бахьанехь тутмакх винарг лору Якутера шаман адамийн бакъонаш ларъечу Amnesty International юкъаралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG