ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нах байъа бина барт Iорабаьллачул тIаьхьа. ХIун ду хууш Венехь вийначу блогерх, Кадыровн критиках лаьцна?


Умаров Мамихан

Вена гIалин йистехь коьртах герз тоьхна вийна Нохчийчуьра схьаваьлла Умаров Мамихан. Политикан мухIажир лору кехат а долуш, Австрехь вехара иза 2005-чу шарахь дуьйна. Документашца вара иза Beck Martin.

Ичкерин заманахь, 1998 шарахь дуьйна цо болх бина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь талламчин даржехь. Ша цо билгалдоккхура, ша пачхьалкхан ШариIатан кхерамзаллин министраллин белхахо вара, олий.

Вевзара Умаров Мамихан "Венера Анзор" цIарца. Гоьвелира иза цхьа хан хьалха, цо Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман озах тера аз долчу стагаца ша дина къамел Украинерчу хаамийн гIирсашкахула довзийтича. Умаровс динчу тоьшаллица, Украинера бIаьхой-нохчий, батальонан буьйранча Осмаев Адам а, цуьнан зуда Окуева Амина а, мехкан Лакхарчу Радин депутат Мосийчук Игор а мехах хIаллакбан барт беш ву цуьнца телефонехула къамелдийриг.

Окуева Амина ер толлуш, коьрта теш ларалора Умаров. Амма Украино ца елира цунна Киеве кхача, талламчашца цхьаьнакхета бакъо. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" дийцира Мосийчука. Цо хIетахь шен интервьюхь ца яьккхира Умаровн цIе, дозан "Тиса" меттехула Украине кхача араваьлла "цхьа нохчо, Австрин вахархо, ца валийтина дозанал чоьхьа, ткъа иза Окуева Амина ер толлучохь коьрта теш ву", - бохура Мосийчука.

"Венера Анзор" олий вуьйлура Умаров YouTube-хь а, социалан машанашкахь а ша наханна дечу къамелашка. Дукха хьолехь цо довзуьйтура Нохчийчохь тахана куьйгаллехь болчу нахаца шен хилла къайлаха къамелаш. Даима а санна, оцу къамелийн коьрта тема хуьлура Европера цхьаъ я важа нохчийн лидер верах лоций.

ТIаьххьара шен видео-къамел Умаров Мамихана YouTube диллина кху беттан шолгIачу дийнахь. Оцу чохь цо гойту жIов – дагадоуьйту вевзаш волчу нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона дукха хан йоццуш кIелояр. YouTube – канале йиллина "Венерчу Анзора" 29 видеокийсак.

Умаровн видео-къамелийн коьрта башхалла яра цо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане я цунах, цуьнан гергарчех, гонах лаьцна вистхуьлуш оьзда боцу мотт лелор.

Венин полицина хетарехь, вийна Умаров политика бахьанехь. Цундела дов талла долондерг а ю, гарехь, Австрин Конституци ларъяран а, терроризмца къийсам латторан а урхалла – цо толлу пачхьалкханна лаккхара кхерам бохьуш долу зулам.

"Кавказ.Реалиин" хьосташа дийцарехь, Австрин Iедало тергоне эцна вара Умаров: цуьнан петар ларъеш яра полицино. Ткъа иза оццул ларвешшехь веро сий ца айдо Австрин Iедалан. Делахь а, цкъачунна пачхьалкхо дина дац зулам бахьанехь дIахьедар.

Умаров Мамиханна герз тоьхнарг лаьцна Венина 185 километр юстах – Линц гIалахь. Дийцарехь, нохчо ву иза.

Политикаца доьзна шозлагIа политэмигрант вийна Венехь. 2009-чу шеран Дечкен-беттан 13-чу дийнахь цигахь вийра Кадыров Рамзанан ханехь болх бина Исраилов Iумар. 2011-чу шарахь Австрин кхело оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба сацам бира зуламхочунна, хийцинчу цIарах Отто Кальтенбруннер аьлла вевзачу нохчочунна. Кхечу шинна – Дадаев Сулиманна а, Ешеркаев Турпал-Iелина а – тоьхна хенаш яра 19 а, 16 а шераш.

Умаров вер – иза политикаца доьзна Европера нохчий бойъучу боламан лар ю.

  • ТIаьххьарчу заманах аьлча, дагалаца догIу Швецехь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь нохчийн блогерна Абдурахмановна кIело яр, жIаьвнаца тIелеттачу стага чевнаш яр. Амма Абдурахмановн аьтто белира тIелеттарг сацо а, иза полицин каравала а. Стохка Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада чIир кхайкхийра Абдурахмановна.
  • Чиллан-баттахь Францерчу Лилль гIалахь вийна карийра Алиев Iимран ("Мансур-Къано" - "Мансур Старый"). 135 чов йинера цунна урс диттина. Меттигерчу полицино иза верца доьзна шеконе эцна ву цкъачунна вовзуьйтуш воцу "Нохчийчохь веха Оьрсийчоьнан вахархо". Хаамийн гIирсаша юха а зуламан IиндагIа кIел ийцира Кадыровн го.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG