ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еарин дийнахь дуьйна Соьлж-ГIалара цIерпошт юха а лела йолалур ю Москва


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Коронавирусан эпидеми бахьана долуш сацийна хилла Соьлж-ГIалара Москва лела некъахойн цIерпошт Товбеца-беттан 9-чохь дуьйна юха а лела йолалур йолуш ю. Шинарин дийнахь бина цунах лаьцна хаам Къилбаседа Кавказан аьчкан некъийн (РЖД) пресс-гIуллакххоша, яздо ТАСС агенталло.

"Адамаш гулдаларна а, эпидемиологин хьал меттадарна а цIерпоштийн дIасалелар карладоккхуш ду. Дуьххьарлера рейс хир ю еарин дийнахь Соьлж-ГIалара Москва, ткъа Товбеца-беттан 11-чохь Москвара Нохчийчу юхагIур ю цIерпошт. Кхин дIа йолчу заманчохь, хьалха а санна, дедда юкъа дIасалелар йолуш ю цIерпошт", - билгалдаьккхина Къилбаседа Кавказан аьчкан некъийн векалша.

Цу хаамца а догIуш, цIерпоштана тIехь адам кхерамзаллица дIасалело массо а кепара санитаран лоьраша хьоьху барамаш ларбийр болуш бу.

Нохчийчохь Зазадоккху-баттахь дуьйна кхайкхийна карантин яра. Бахархошна дихкинера кхин тIех сов гIуллакх доцуш урамашкахула дIасалелар а. Белхаш совцийнера массо а ресторанийн а, хьешийн хIусамийн а, самукъадаккхаран центрийн а, туьканийн а. Иштта сеццера юкъара тарнспорт а, шайна юккъехь цIерпошташ а, кеманаш а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG