ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан вахархочунна 12 шо хан тоьхна, Шемарчу тIамехь хиларна


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Ростов-ГIаларчу Къилбаседа гонан тIеман кхело набахтехь даккха 12 шо хан кхайкхийна Дагестанерчу вахархочунна Тушаев Гамидна, Шемарчу террорхойн "Джебхат ан-Нусра" тобанехь дакъалацарна. Бакъо йоцуш вовшахтоьхначу зуламхойн тобанца хилла ву иза аьлла, бехкехилар тIечIагIдина, яздо ТАСС агенталло, кхелахойн зорбанчашна тIе а тевжаш. Тушаевс тIе ца дуьту шена дохку бехкаш.

Талламчийн версица, 2017-чу шеран Гезгамашин-баттахь Шемарчу Идлиб провинци веана хилла Тушаев. ХIетахь кхетта иза дуьненаюкъарчу террорхойн "Джебхат ан-Нусра" организацина юкъайогIучу "Джейшуль-мухIаджирин вал-ансар" вовшахтохараллех.

Лурчаха гурахь Оьрсийчу юхавеана хилла Тушаев лецира ницкъаллийн структураша.

  • "Кавказ.Реалии" портало хаттам бинчу бакъонашларъярхоша а, адвокаташа а кест-кеста дIахьедо, тIемалошна адаптаци ен комисси юха болхбан йоло езаш хиларх.
  • ГIаттамхойн хIусамнаной а, тIемалойх биссина зударий а юкъа а балош, зударийн кхеташонаш кхолла езара аьлла, йистхилира 2017-чу шарахь Дагестанан къоман политикан министр Гамалей Татьяна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG