ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дижонехь хиллачу къепедацаршна тIехула кхин а 11 стаг лаьцна


Дижон, Франци
Дижон, Франци

Францерчу Дижонехь Мангал-баттахь хиллачу къепедацаршна тIехула кхин а пхи стаг лаьцна аьлла, хааме даьккхина REGNUM агенталло еарин дийнахь, Ouest France хаамийн гIирсана тIе а тевжина. Лаьцначарех виъ чохь вуьтуш ву аьлла, билгалдаьккхина газетано. Иштта тIечIагIдина, байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь наркотикаш йохкарна а, герзашца бахархоша вовшахтоьхначу гуламехь хиларна а лаьцначу 11 стеган бехкхилар а керстдина хилар.

Маршо Радионо яздира шен агIонехь, байначу беттан 10-чохь Францерчу Дижон гIалахь Алжирера а, Мароккора а схьабевлла кегийнах нохчашца девне бовларх. Дерриг а доладеллера 16 шо долчу нохчочунна йиттинчул тIаьхьа. ГIалахь наркотикаш юхкучу наха дина и зулам, аьлла, гIалин юккъехь лаьттачу кальян-баран дайх летта нохчий. Цул тIаьхьа дIасабахна. Амма эццахь гIалахула талораш дан буьйлабелла нохчашна дуьхьаллаьттарш. Цигара хьал машарца дерзо гIертара нохчийн Францерчу диаспорин куьйгалхой.

Дижонерчу прокуратуро хилларг талла декхарейира меттигера юкъарчу кхерамзаллин департамент а, кхелан полици а, боху Regnum агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG