ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан экс-министрана дина таIзар малдина кхелахоша


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Пачхьалкхан бюджетера ахча лачкъийна аьлла, набахтехь даккха пхи шо хан тоьхна ГIалгIайчоьнан финансийн хилла министр Цечоев Руслан цIахь хан яккха витина, дарбан цIийнера ара а ваьккхина. Несаран кхело бина иштта сацам, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Маршо Радионо яздира, ГIалгIайчоьнан финансийн министр лаьттинчу Цечоев Русланна набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхорах. Шен хьокъехь кхело сацам бовзуьйтучу процессе ца веана экс-министр федералан лехамашка веллера. 2015-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь финансийн министрана Цечоевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллира, шена даржо лучу бакъонел а совваларна.

Талламчийн информацица, федералан субсидийн бюджетера хьажийначу ахчанах ши миллиард сом Цечоевс мехкан бюджетан дефицит токхуш дайинера.

Магасан кIоштан кхело экс-министр бехкехилар тIе а чIагIдеш, набахтехь даккха пхи шо хан тоьхнера цунна. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лоьхучу нехан базе а ваьккхира, иза лохуш гIо динчунна миллион сом кхайкхош.

Стохка ГIуран-беттан 3-чохь Къилбаседа ХIирийчохь каравеара Цечоев. Ткъа 6-чу дийнахь деган лазар бахьана долуш дарбан хIусаме охьавиллинера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG