ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхороевс куьйгалла динчу хьукматашкахь талламаш беш бу


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Депутат Белхороев Якъуб лаьцначул тIаьхьа ницкъаллийн структурийн белхахоша талламаш дIабаьхьна ГIалгIайчуьрчу Магас гIалин администрацехь. Маршо Радионо хааме даьккхира шоьтан дийнахь, баккхийчу барамашкахь ахчанаш лечкъийна аьлла, шеконаш кхеоллаелла, хьалхо социалан "страхованин" Фондан урхалхо а, Магасан мэр а лаьттина, Халкъан гуламан депутат Белхороев Якъуб лацарх а, цуьнан цIийнах хьовсарх . Зуламан кодексан 160-чу артиклехь кховдийначу бехкаца, Белхороевна ялх шаре гергга хан йогIу набахтехь яккха.

Администрацин гIишлох хьоьвсина шоьтан суьйранна. Полицин декъерчу хьостано "Интерфакс" агенталле дийцарехь, Магасан мэрин йоллу территори хиллера го лаьцна, "Уралашца" чувоьдийла а къевлина. Мэрехь дIахьош талламаш бу, документаш а гулдеш. Администрацин белхахой а балха тIекхайкхина хиллера.

Цул совнах Белхороевс болх бина хиллачу социалан "страхованин" Фондах а цхьана хьийсина полисхой. Агенталлао яздарца, Белхороев Якъубаца цхьана дIалаьцна цуьнан машенлелорхо Тачиев Белан а. Цунна бехк биллина, бюджетан ахча дойъуш декъехь хиларна. Ший а лаьцна вуьтуш ву

Карладоккху, талламо бехкево Белхороев, республикан социалан "страхованин" Фондан куьйгаллехь волчу заманчохь ахча дайъарна. Фондан бюджетера 19 миллион сом къайладаьккхина цо, талламчийн версица.

БатIалхьажойн динан цхьанатохараллан цхьахволу лидер ву Белхороев. Республикехь лоручу шейхан Белхороев БатIал-Хьаьжин кIентан кIант ву иза.

БатIалхьажошца дузу Москвахь экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан а ваша. Хьалхо оццу гIуллакхана бехкевина лецира Белхорев Якъубан вешин кIант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG