ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Осмаев Адам: "Маьршачу Оьрсийчоьне догIа ду маьршачу нохчашкахь"


Осмаев Адам
Осмаев Адам

"№1 Путинан мостагI" ву ша олу бизнесхочо Браудер Уильяма, амма кхин а цхьа стаг ву и титул лело хьакъ долуш. Иза ву 39 шо долу нохчийн бевзаш болчу доьзалера схьаваьлла Осмаев Адам. Цуьнан да шен хенахь куьйгалла деш вара нохчийн мехкадаьттан индустрина, ткъа деваша вара республикерчу парламентан гIантда а, Оьрсийчоьнан сенатор а.

Осмаев Адама дешна Москварчу дуьненаюкъара юкъаметтигашкахула пачхьалкхан институтехь а (МГИМО), Британерчу Букингеман институтехь а, амма сацам бина цо шен даймохк маьрша боккхуш къийсамна шен дахар хьажо.

2012-чу шарахь, Украинехь Янукович Iедалехь волчу хенахь Осмаев лецира Одессехь, шайна юкъахь Путин Владимир вен дагахь тIелатар кечдар а долуш, теракташ ян кечлуш хилла аьлла бехке а вина.

2014-чу шарахь, Украинехь революци хиллачул тIаьхьа, Осмаев маьршавелира. Кхело юхалистира цуьнан гIуллакх, террорца боьзна бехкаш юкъара а бохуш. 2015-чу шарахь Осмаев куьйгалле хIоьттира Дудаев ЖовхIаран цIарахчу шайн лаамечеран батальонан. Коьртачу декъана нохчех лаьттарчу цу батальоно дакъалецира Украинин малхбалехь дIахьочу антитерроран операцехь (АТО). Масийттаза вен гIоьртира Осмаев Адам, 2017-чу шарахь йийра цуьнан хIусамнана, Украинин полицин лейтенант Окуева Амина. 2020-чу шарахь Оханан-баттахь Украинин кхерамазаллин кхеташонан сервсисо (СБУ) лецира цу сервисехь болх беш волу инарла-майор Шайтанов Валерий, ша аьлча, иза бехке веш ву Оьрсичоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо тIедилларца, Осмаев вен дагахь тIелатар кечдарна.

Осмаев Адаман интервью дIаязйина Маршо Радион Оьрсийн сервисо, Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман озах тера аз долчу стагаца телефонехула дIаяздина къамелаш а, кехаташ а Украинин лерринчу сервисашка а, журналисташка а дIаделла волу Умаров Мамихан Венехь вийначул тIаьхьа. Умаровс чIагIдора, иза (Делимханов) вара цуьнга дехар динарг Осмаев а, цуьнан хIусамнана а, ткъа иштта Украинин парламентан хилла депутат Мосийчук Игорь а вен везара аьлла кост дийнарг бохуш.

Осмаев, масийттаза хьо вен гIоьртина, масийттаза хьуна тIелатар кечдинера, амма иза юкъахдаккха аьтто белира. Журналисташна цунах лаьцна дерриг а ца хууш хила а тарло. Масозза гIоьртина баккъалла а хьо вен?

– Ала таро ю иза кхин а масийттаза хилла аьлла, вайна хууш дерг ца дийцича. Цунах цецволийла а дац, хIунда аьлча, тхо дуьхьал лаьтташ берш бу Сталинан тIахьенех нах, цуьнах хьул а ца деш, баккхий беш болчу, иза эвсаре урхалча хилла ву бохуш.

Умаров Мамихан вара ахчанах хьо вен аьлла некъ кховдийначарах, амма цо сацам бира дерриг а журналисташка а, Украинин кхерамазаллин сервисе (СБУ) а, цунах лаьцна хаийта. Дерригех цо дийцинчух теший хьо, муха туьду ахь Кадыровна дуьхьал вала цо сацам бар, ткъа юьхьдуьххьала къамел динера ахь цуьнга?

– Суна юьхьдуьхьал гина вацара иза, суна иза вевзаш вара телефонехула, амма цо деллачу тхоьх лаьцна дIаяздинчу къамелаша тIечIагIбира кхечу нахехула иштта а тхоьгахь болу хаамаш. Вуьшта аьлча, иза бахьана долуш, тхоьгахь билггала наха дина къамелаш хилира. Суна хаарехь, Мамиханан ваша ямартлонца вийнера кадыровхоша, ткъа нанна къиза ницкъ бинера, цундела гIертара иза царна муьлхха а зен дан, цара дина зуламаш Iора дохуш, наггахь иза цо иза дора эксцентрин кеп а лелош.

Оьрсийчоьнан лерринчу сервисашна болх барна бехке винчу инарлин Шайтановн тоьшалла

БIаьста Украинехь гучуваьккхира инарла Шайтанов Валерий, талламхоша чIагIдарехь, ФСБ-н полковникан Егоров Игоран омра кхочуш деш, хьо вен план хIоттийна хилла волу. Хьуна хIун аьлла хета цунах лаьцна?

– Суна хетарехь и гIуллакх боккха кхиам бу Украинин лерринчу сервисийн. Хууш дацара мел кхин а зен дийр ду Шайтановс Украинина, нагахь иза гучу ца ваьккхинехь.Гуш ду, со а вийна, иза саца воллуш ца хиллий. Иза дойтур а дацара цуьнга Москварчу цуьнан кураторша. Донбасс дIалацар вовшахтоьхнарг а, дерриг а дуьненехула дуккха а зуламаш динарг а вара Егоров. Дуккха хIума хьулдина ду цу гIуллакхехь, амма суна хетарехь, Шайтановна кхел еш дуккха а хIума гучудера ду. Коьртаниг иза схьалаьцна, ткъа Украинин лерринчу сервисаша гайтина шаьш эвсара болх балур болуш хилар а, къайле а ларлуш, Европерчу лерринчу сервисашца цхьаьнаболх бан хьуьнар долуш хилар а.

Умаров Мамихана чIагIдора, хьо вен веза шега баьхнарг Делимханов Адам вара бохуш. Шайтановс лелош дерг дара ФСБ-н дехарца. Иза ши "заказ" яра, тайп-тайпанчу бахьанашца йина? Вуьшта аьлча, хьуна хIун аьлла хета, хьо вен веза аьлла сацам Соьлж-ГIалахь бинера, я Москвахь бинера?

– Кремлана хьалхара боьха болх шена тIеоьцу Кадыровс, амма наггахь иза гIорасиз хуьлу юьхьарлаьцнарг кхочушдан, цундела сцени тIе бовла шаьш тайнигаш ловзорхой, ФСБ-н юьхьсибатехь, амма, Далла бу хастам, уьш юьхьӀаьржахӀуьтту.

Окуева Амина
Окуева Амина

– Шерашкахь оццул юха ца бовлуш хьо вен хIунда гIерта уьш? Хьо №1 церан мостагI хеташ санна хетало, веза а ца веза, оццу хенахь кхера а кхоьру. Дудаев ЖовхIаран цIарах батальонан куьйгалхо хьо хIоттарна бекхам бу иза я кхин бахьанаш ду?

– Шеко а йоцуш, ирча гIан ду Кремлна Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа цу юкъахь хиллачу халкъийн дакъош цхьаьнакхетар. Ша-ша даьхча тхо эшалур лур ду цаьрга, амма цхьаьнакхетча – иза доккха хаттар ду. Оха Украинехь гайтира тхо тхайн халкъийн маршо а, суверенитет а къовса дагахь хилар. Тахана къовсам дIабоьдуш бу Украина маьрша хилийта. Шен хенахь Ичкери маьрша йолчура дIаялар гIулч хилира Гуьржийчоьнца а, Украиница а тIом барехь. Украино шен суверенитет юхаметтахIоттаяхь иза вуно йоккха гIулч хир ю Оьрсийчоьно оккупаци йина латтанаш маьршадахарехь.

– Карарчу хенахь хIун хуьлуш ду шун батальонца? Донбассехь конфликт дIайоьдучу меттехь буьсуш буй шун тIемалой?

– Дуккха а батальонан тIемалой дIакхетта тайп-тайпанчу Украинин ницкъаллин структурех, цигахь гIуллакх деш бу уьш. Дуккха а бу резервехь, цхьацца меттигашкахь болх а беш, аммма даиман а кийча, тIаме а бахана, Украина Iалашъян, нагахь хьал чолхечу далахь…

Таханлера нохчийн кегийрхой чIогIа къаьсташ буй шайн ойланашца а, политикан жигараллица а хьан нийсархойх?

– ХIора тIекхуьучу чкъураца алсам хаарш а, алсам зеделларг а гулдо оха. РогIера геноцид ца еш, тIом боцуш ца дахийтина тхо Оьрсийчоьно. Дикалла йолчу дешарна тIекхча даима дара хала. Тахана цу агIор дика аьттонаш бу Европерчу мухIажарийн, ткъа иштта аьтто бу бакъо лела пачхьалкх йовза, цуьнан тоьлла агIонаш йовза. ХIунда аьлча, хакъдолчу некъашца тираниях кIелхьардевлла ца Iаш, цуьнан метта бакъонан а, нийсонан а пачхьалкх хIотто дезаш ду тхо, бакъо лелаш йоцучу маршонах анархи ма хуьлий. Делахь а говзанчаш ца хилахь, оьшург хIун ду хууш болу нах ца хилахь, аьтто хир бац.

Оьрсийчоьнан махкахо хилар дисний хьан? Тидамехь латтош вуй хьо Москвахь хуьлург? Путинан режим чIогIа ю аьлла хетий хьуна? Оьрсийчуьрчу оппозицехь нах буй хьуна кхане йолуш бу аьлла, хеташ болу?

– Ас дукха хенахь дуьйна дитина Оьрсийчоьнан махкалла, Оьрсийчоьнан махкахо хилар сайна мегар долуш хIума ца хета суна, шен хенахь дIасалела оьшуш долу паспорт суна делла хиллехь а, амма со шеко йолуш ву сой Оьрсийчоьнан махкахошна юкъара дIаваьккхина бохучух. Суна ца хета Путинан режим чIогIа ю аьлла. Проблема ю оппозици гIийла хилар. Шен агIор цуьнан бахьана ду "зомбаяьшка" а, кхаьжнаш дагардар а режиман карахь хилар. Амма, демократин институташ хIаллак йина, цара шаьш дIабаьккхина Оьрсийчоьнера аьтто эволюцин кепехь кхиа, революцин некъ а бен ца буьтуш. Со тешна ву, Путинна а, цуьнан хийцамашна а дуьхьал кхаж тесначу нахана юкъахь тоъал дукха хьекъал долу а, шовинизман а, "великодержавин" а хьу кхетта боцу а, Путин режим вовшахъяьккхинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнах лортIехь пачхьалкх ялур йолу нах хиларх.

Оьрсийчуьрчу либералан оппозицино дукха кIезиг тидам бо Хангошвили я Умаров вер, хьуна тIелатар дар санна болчу хиламашна. Уьш юкъаралло бийцаре беш а ца хуьлу, ала мегар ду, цхьа а вац сихлуш схьаддилина кехаташ яздан, хIиттош яц пикеташ, политикан террор сацае бохуш. Цец ца волу хьо цунах?

– ХIа-хIа, со цунах цец ва волу, (Iедалша) урхалла дечу зорбан гIирсашкахула ечу пропагандо эшам бина нах бу уьш. Амма кхета беза, маьршачу а, Европерчу а Оьрсийчоьне догIа маьршачу ночашкахь хиларх. ДуьхьалхIоттаде, нагахь Ельцина Дудаевца тIом болочу метта лортIехь юкъаметтигаш дIанисйинехь хIун хир дара бохург. Путин санна волу стаг цкъа а вогIур вацара Iедале, реваншизм а, милитаризм а йолор яцара цо, тIом ца хиллехь. Нохчийчохь адам охьатаIош юьхьарлаьцна кепаш, хена йохалла лелайо Оьрсийчохь а, Европехь адамаш дайарца вайна гуш ма хиллара.

– Хьо лечкъаш воцуш вехаш ву, ахь тележурналисташна интервью елира тIелатар дина дарбан цIийнехь хьой Iуьллуш воллушехь а. 2017-чу шарахь хиллачу бохамаша хийциний хьал дахаран васт?

– Хьалха информацин къовсамца цхьаьн дIабахьа дезаш хилара тхо баккъалла а болу къийсам. Оха адамашкахь дIакхачийра тхайн къовсамах лаьцна бакъдерг, Украинехь а ма дарий цунах кхетар дукха галдаьккхина, Оьрсийчоьнан зорбан гIирсаша тIеIаткъам бар бахьана долуш. Цул тIаьхьа цхьана Iалашонна тIедирзира тхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG