ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цкъа а ца хилларг" хилла юха а!" Нохчийн политикан эмигранташна динчу тIелатарийн хроника


Умаров Мамихан (Венера Анзор)
Умаров Мамихан (Венера Анзор)

Бакъонашларъяран "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра гуьржийн "Эхо Кавказа" сайтехь дийцина, нохчийн политикан эмигранташна Европехь тIелатарш даран а, уьш байъаран а хронологех.

Кхузахь вай ца хьахийча ца довлу вайн Дешан говзанча Виктор Степанович – "Шамиль Басаев, хезаш алахьа!" – Черномырдин.

Кху шеран Товбеца-беттан 4-чохь тIелатар а дина, юха а стаг вийна Венехь. Нохчийчуьра орамаш долу 43 шо долу Умаров Мамихан вара иза. Нохчийчоьнан куьйгаллина, къаьсттина Кадыров Рамзанна дуьхьал, интернетехь сийсазе къамелаш дина, массарна а вевзаш волу "Венера Анзор" вара иза. Вена гIалин йистехь вийра Умаров.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретар Песков Дмитрий сихвелира билгалдаккха – цхьа а логика йолуш дац Кадыровн критика йина блогер вер Нохчийчоьнан урхалхочуьнца дозар, оцу инцидентехь Кадыровн дакъа ду бохург дуьйцийла а яц аьлла.

Ткъа ша Кадыровс дIахьедира, оцу зуламна бехке "арахьара къайлаха сервисаш ю, псевдопатриотизман идейшна тIехь шайна са йоккху кхинболу а блогерш а, иштта хIаллакбан тарло цар" аьлла, билгалдоккуш. Ткъа и дерриге а лелош ду Оьрсийчоьнна дискредитаци ярхьама боху Кадыровс.

* * *

"Кхиболу блогерш" а лаа аьлла дац – хIунда аьлча, тIаьххьарчу эхашерачохь шозза тIелатар дира.

Шо карадеача Дечкен-беттан 29-чу буса Францерчу Лилль гIалахь къизаллица вийра Алиев Iимран, маьттазчу маттаца Кадыров Рамзан емалвеш хилла "Мансур Старый" псевдонимца гIараваьлла волу. Иза верна бехке лоручу Нохчийчуьрчу вахархочун аьтто белира Германехула Оьрсийчу дIаваха.

Ткъа Чиллан-беттан 26-чохь Швецин Евле гIалахь тIелатар дира нохчийн Iедалхойн уггар а гоьваьллачу оппонентана Абдурахманов Тумсона. Амма цуьнан каделира, шена тIелеттарг эшон а, иза полице дIавала а. Иза а хиллера, оццу гIуллакхна тIехула лаьцна кхин шиъ а санна, Нохчийчуьра. Къаьстина, нохчийн Iедалхойн эмиссараша даккхий ахчанаш лур ду аьлла хилар, Нохчийчоьнан парламентан спикеро чIир хьейинчу Абдурахманов волу меттиг йийцинчунна.

Иштта Австрехь а зулам дина йоккха юкъ йолале лецира шеконашца Умаров вийнарг а, иза вуьйш юкъарло лелийнарг а. Ший а Нохчийчуьра а ву. Конституци ларъяран а, терроризмаца къийсам латточу а Урхалло толлуш ду "Венехь шолгIа стаг вер".

* * *

Оццу урхалло толлуш дара 2009-чу шарахь Венехь дуьххьара стаг вер. ХIетахь герз тоьхна вийра Кадыров Расмзанан хилла хадархо, Оьрсийчуьра ведда, Страсбурган кхеле ваьлла Исраилов Iумар. Иза вийначун аьтто белира Нохчийчохь къайлавала, делахь а, дIалецначу цуьнан декъахошна яккхий хенаш йиттира набахтехь яккха. Талламаш дIахьочу заманчохь антитерроран департамент кхийтира, пачхьалкхан дозана тIехь лелаш "террорхойн маша" хиллийла.

Кху дийне кхаччалц и цхьа меттиг бен бац, бехкенаш кара баьхкина ца Iаш, уьш кхеле а хIиттийна, царна хенаш йиттина.

* * *

Туркойчохь нохчийн диаспоран векалшна дина тIелетарш мел а лаххара дийцина, дитира "дуьххьара Венехь стаг верах" долчу зуламал а. Кхузахь ялор ю масех эпизод.

2008-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь коьртах шозза герз а тоьхна вийра, 2004-чу шарахь пачхьалкха чу веана Эдилсултанов Гази.

2002-чу шарахь Стамбуле дехьа а ваьлла, веха Канибеков Ислам вийра 2008-чу шеран ГIуран-беттан 9-чу дийнахь.

2009-чу шеран Чиллан-беттан 2-чохь вийра, 1990-чу шарахь дуьйна Туркойчохь вехаш хилла Умаров Докин векал Осаев Iела (Атаев Муса).

Ткъа 2011-чу шеран Гезгамашин-беттанн 16-чу дийнахь Стамбулан Зейтунбурнун кIоштахь байъира "Кавказан Имаратца" боьзна хилла Альтемиров Рустам а, Амриев Заурбек а, Мусаев Берг-Хаьжа а.

2011-чу шеран ГIадужу-беттан 10-чохь циггахь аьтто боцуш вен дагахь кIело йинера "Ичкерин шарIан кхелан лакхарчу суьдхочунна" Батукаев Шамсуддина; тIелеттарг каравеанера, цо мукIарло дина а хиллера.

2013-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 22-чохь Хонкарахь тапча тоьхна вийра, ша "Ичкерин консул" ву бохуш, лелла Унлю Медет.

ТIаьххьара а, 2015-чу шеран Лахьан-беттан 1-чу дийнахь Стамбулехь вийра "Кавказ-центр" сайтан администратор Эдильгериев Iабдулвахьид.

Батукаевна динчу тIелатарх цхьадерг кхеташ дара – катоьхна лараш яле теллина а делира гIуллакх. 55 шо долу имам дийна виссира, ткъа гIад дайна киллер лецира. Стамбулан Зейтинбурнун кIоштарчу иза вехачу хIусаме а веана, неI тоьхнера имама. Хадархочо неI йиллинера цунна. Шеца имамца къамел дан веана ша бохуш хиллера киллер, цхьа карзахвуьйлуш.

Цунах шеконаш кхоллаеллачу хадархочо, буй тоьхна охьавиллинера кевне веанарг. Цуьнгахь карийра тата а ца доккхуш стаг вуьйш йолу тапча а, Оьрсийчоьнан паспорт а. И боллу гIирс полицига дIакхачийра цара. Киллер сецначу отелехь полисхошна карийра шарIан кхелахочун цIийнан план. Хетарехь, хадархойн шеконашна тIетайра уьш а.

Батукаевс-жимахволчо дийцира. Нохчийчохь цхьана Кадыров Iабдуллас Бай-Iела цIе йолчу стагах тоьхнера ша. Цо беллера кхунна, дуьхьало ян йиш йоцу и "болх": мехах Туркойчуьра шарIан хилла къеда воь ахь, я мехаза хьайна а, хьайн гергарчарна а сингаттамаш оьшу хьуна аьлла. Реза хилира ша боху цо, Бай-Iелас ши эзар долларшкахь ахча а делира шена.

2012-чу шеран бIаьста "Известия" газетано хаамбира цунах лаьцна: туркойн талламчаш тешна бара, Бай-Iела бохург, Соьлж-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу маьждиган имам, шахьаран мэран динан политикан гIовс Тевсиев Бай-Iела ву аьлла.

"Известия" газетан корреспондентца хиллачу къамелехь Тевсиевс бакъ ца дира, ша цу зуламна бехкехилар, ша цу юкъаозор къайла а ца хьош.

"ТIаьххьара Батукаев гина суна 1999-чу шарахь, Нохчийчохь нон-грата персона ма ю иза. Ваххабизм хьоьхуш вара иза, цундела суна бIаьраг ван ца веза. Нагахь санна, Батукаев вийнехь, суна хазахетар дара. Со Iеламстаг ву, къедан хьехамча а ву, цу кепара гIуллакхаш ас лелош дац".

Ала тарлора, доллучух а кхеташ ду?

* * *

Делахь а, тIаьххьара а и кIелонаш яр толлуш йолчу туркойн полицино лецира 2016-чу шеран Охан-баттахь Оьрсийчуьра ши вахархо: 52 шо долу "Анисимов Юрий" а, 55 шо долу "Смирнов Александр" а. Церан документаш тIехь яра иштта цIераш. Церан декъахойх дукхахболчийн аьтто белира Туркйочуьра бевдда таIзарх бовла. Кхелехь йовзийтинчу вердиктаца гучуделира, 2000-чу шарера 2015-чу шаре кхаччалц "Анисимов" а, "Смирнов" а юкъаозийна хилар Туркойчохь ворхI стаг вер вовшахтохарна.

Ший а бехкевира тIеман-политикан шпионажалла лелорна а, хаа а хууш стаг вуьйчу зуламехь дакъалацарна а, официалехь документаш хийцарна а. Кхелан кхеташонехь "Смирновс" а, "Анисимовс" а дохку бехкаш тIе ца дитира.

Эххар а, гIуллакх дирзира, 2017-чу шеран ГIадужу-беттан 22-чохь Туркойчоьно дIавелира Анисимов а, Смирнов а Оьрсийчоьне. Цул тIаьхьа, ГIадужу-беттан 25-чохь Туркойчоьне маьршаваьккхина, дIавелира политикан ши тутмакх: ГIирман-гIезалойн къоман Меджлисан куьйгалхочун ши гIовс Умеров Iилми а, Чийгоз Ахтем а. Духе хьаьжча, Советан заманахьлерчу ламасташкахь хийцар дара иза.

Туркойчуьрчу нохчийн диаспорана гергахь - дагахь а доцург хилира цу кепара хицарш. "Кавказский узел" агенталле Туркойчуьрчу цхьахйолчу нохчийн юкъаралхойн организацин куьйгалхочо дIахьедира: "ВорххIе а стаг вер вовшахтоьхна ву аьлла, бехке лоруш вара и шиъ. Оццу хенахь уьш байарна бехкеболчу кхечу нахаца хилла уьйраш а гучуевллера".

Аьлча а, терминологица дацахь а, духе хьаьжча, туркойн ницкъаллийн структураша жамIаш дира, шайн Австрин коллегаша а санна: нах байа Iалашонца кхоьллина хилла "террорхойн бен" аьлла.

* * *

Соьлж-ГIаланах аьлча, иза бехке яцара, ткъа оцу гIуллакхехь "Солсберерчу" аьтто ца баьллачу киллерийн "Петровн" а, "Бошировна" а коллегаш билгалбехира?

Бакъйоцуш хила тарлора "Анисимов" а, "Смирнов" а цIераш.

"Росбалт" агенталло хаам ма-барра, - "Смирнов", ма -дарра аьлча, Оьрсийчоьно а, Франционо а лоьху "нохчийн авторитет" Лурахмаев Валид вара, шен "Валидол" цIарца дика вевзаш волу. "Интерполон" сайта тIехь зорбане баьхначу хаамашца, иза лоьхуш хиллера, баккхийчу барамашкахь ахчанаш лечкъорна а, тIелетарш дарна а, зуламхойн тоба вовшахтохарна а.

* * *

Дуьххьаралера "Венехь стаг вер" юкъахдаккха ка ца елира, 2008-чу шарахь Исраилов Iумара полицига Денисултанов Артур (Курмакаев) дIахьевинехь а. Вуьйр ву, я лачкъор ву, нагахь санна, Нохчийчу ца верзахь бохуш, кхерамаш тийсинера цо. Курмакаевс чIагIонаш йора, ша Нохчийчоьнан Iедалхойн цIарах лелаш ву бохуш. ХIетахь Австрин Iедалхоша шайн пачхьалкхера араваьккхира Курмакаев, Исраиловн кхерамзалла Iалашъярхьама цхьа а кепаш ца лелош.

2017-чу шарахь Курмакаев (кхечу цIарца) юха а лецира, Киевехь Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командирна Осмаев Адамна аьтто боцу тIелатар динчул тIахьа. 2019-чу шеран ГIуран-баттахь Курмакаев – "юха а, Карл" Оьрсийчоьне дIавелира Украинан Iедалша, "Минскан процесс" йоьдучу хенахь бертаза лаьцна латточу нахаца хийцина.

* * *

Дуьххьара "Венехь стаг" вийна шераш девллачул тIаьхьа кхин а масех стаг а вийра, кIелонаш а йира Нохчийчоьнан бахархошна Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь а, Туркойчохь а, Украинехь а.

Талламаш барца гучуделира, оцу зуламашна бехке Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш, я Нохчийчоьнан Iедалхой хилар.

Ткъа шолгIачу "Венехь стаг веро" гайтира, и террор кхин дIа а лелош хилар а, мел кхерам латтабо цо Европерчу пачхьалкхйин Iедалхошна хууш цахилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG