Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а дозанерчу Товуз кIоштахь тIом лаьтта, - хаам баржийра Товбеца-беттан 14-чу дийнахь Азербайджанан тIеман министран пресс-векала Дяргахлы Вагифа. Цуьнгара йолчу информацица, Азербайджанан эскархойх кхаа дийнахь вийна 11 эпсар а, салти а.
"МостагI, даккхий дараш а ловш, юхаваьлла. Халахеташ делахь а, тхан эскарна а хилла доккха зен, лазийнарш а бу ", – дIахьедина Дяргахлыс бриффингехь.
Азербайджанан тIеман министран гIовса Велиев Керима бинчу хаамца, кхелхина Азербайджанан эскарийн лаккхарчу даржашкара ши хьаькам – инарла-майор Хашимов Полад а, полковник Мирзеев Илгар а.
Trend агенталло дийцарехь, эрмалойн яккхийн тоьпийн хIоьънаша вийна Товуз кIоштахь меттигера цхьа маьрша вахархо.
Эрмалойн агIоно а хаийтина шена дараш хиллийла – велла ши эскархо, яздина социалан машанехь Эрмалойчоьнан тIеман министран пресс-векал йолчу Степанян Шушана.
Берд гIалин инфраструктура йохийна цхьана декъанна, шаьш лелачу Азербайджанан тIеман кеманашца, аьлла даржийна Степаняна.
- ТIемаш совцо бина барт бохорна вовшийн бехкейо шина а агIоно. Бакун версица, Товуз кIоштахь яккхийн тоьпаш етта йолийнарг Эрмалойчоь ю.
- Еревано дIахьедина, Азербайджанан эскархой УАЗ машенахь доза дохо хIиттина, цул тIаьхьа, яккхий тоьпаш а етташ, дозанхойн цIа доладерзо гIиртина, аьлла.
- Эрмалойчоьнан премьер-министра Пашинян Николас Туркойчоь бехкейина Азербайджан тIаме тийсарна. Азербайджанан президента Алиев ИлхIама дIахьедина, Эрмалойчоьно рогIехь яьккхина зуламе гIулч сацийна Азербайджано, аьлла.
- Дуьненаюкъарчу хьукматаша сихха тIом сацор тIедожадо агIонашна.
-