ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн бизнесан "долахочух" лаьцна дийцина "Проекто"


Кадыров Рамзан шен ден Кадыров Ахьмадан сурта хьалха

Москвара хилла реелтер Кротов Павел хила мегаш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан бизнесан да ву аьлла цIарна дIаязвина долахо, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Лаххара а шозза тIекхача бакъо елла хилла цунна бIаьннаш миллионашкахь доллар ахчанна, Нохчийн Республикерчу элитан декъашхойн лаам кхочуш беш. Бизнесан дакъа шайн дола даккхарна дуьхьал регионан куьйгалло гIо деш хилла конфликтан хьелаш луьстуш, ткъа иштта аьтто беш хилла шена Путин Владимирна тIекхача. Цу тайпа чагIдарш ду "Проект" зорбан гIирсо бинчу талламехь.

Оцу зорбан гIирсо чIагIдарехь, Кадыров а, цуьнан ден маьхчин кIант, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а бIеннаш миллионаш долларш ахча доккхуш ву, шайн метта хIиттийначу нахехула.

Официалан кепара цу шиннан бизнес яц, ткъа церан декларацешкахь лоруш дац и ахча, цу гIулкхана нохчийн куьйгалхойн бу миллиардашкахь мах болу бизнес долахь йолчу доттагIийн а, долахой бу бохучу нехан а шуьйра маша.

Царах цхьаъ Кротов ву, боху зорбан гIирсо – риелторо бизнесхойн декхар оьцуш хилла, я хуьлуш хилла церан номиналан партнер, дуккха а миллиардаш мах болчу активашна тIекхача аьтто а болуш, Нохчийчоьнан куьйгаллан лаам кхочуш беш. Оццу хенахь иза ву Гренадан Оьрсийчохь волу махбаран атташе. Ткъа цу даржо аьтто бо цуьнан дипломатин иммунитетах пайда эца, масала, дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш долорах иза ларвеш.

Гренада олучу гIайрин пачхьалкхан Оьрсийчохь векал волу, Одессехь вина Фирер Олег, иза бизнесан юкъаметтигаш лелош ву Казахстанерчу уггар хаьл долчу нахах цхьаъ волчу Ракишев Кенесца, "Проекто" боху кхин цхьа Кадыровн бизнес-партнёр ву.

ЧIагIдарехь, Кадыровн наха гIо дина цунна Оьрсийчохь БТА-банкан хиллачу долахочун активаш схьагулъян, шайна юкъахь Мурманскан кIоштара Витино мехкадаьттан порт караерзор а долуш. Компанин долахошна юкъахь, гарехь, ву Кротовн стунваша а, аьлла хета журналисташна.

Хьалхо "Ведомости" газето яздинера, Кротовс "Евроцементан" долахочунна тIехь долу 600 миллион доллар декхар эцна хиларх лаьцна, ткъа "Коммерсанто" дийцира цунах контрол карахь йолу миноритарий хилла Оьрсийчохь леррина болат олу эчиг дарехула аьлла.

Проекто дийцарехь, Кротов жоьпаллехь хилла Хоси-Юьртахь (ЦIоьнтарахь) Кадыровн резиденци еш. Зорбан гIирсо яздо, цуьнан карахь хилла смета а, гIишлонна план хIоттор а, ткъа иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамазаллица доьзна хаттарш а бохуш.

Цхьана цу гIишлонан проектан эскизана тIехь бинчу белхан мах алсам хилла, Кадыровс республикан куьйгалхочо санна шарахь даьккхинчу алапал а, чIагIдо зорбан гIирсо.

Кадыровн Iаткъам бан йолчу таронан масалла санна журналисташа ялайо "Оьрсийн цӀестан компанин" (Русская медная компания) 20 процент дакъа Нохчийчоьнан куьйгалхочун доттагIчунна, бизнесхочунна Байсаров Русланна эцарца йоьзна истори.

Пугачёва Аллин хиллачу невцан каракхечира 900 миллион доллар мах болчу активашна Iуналла дан йолу бакъо. Цул тIаьхьа "Оьрсийн цӀестан компанин" долахочуьнан Алтушкин Игоран дIаевлира низамаш лардон органашца йолу проблемаш. Цуьнан цIарах Путинца уьш кхочуш еш вара Кадыров.

Цунна дуьхьал бизнесхочо дакъалецира Нохчийчуьрчу проекташкахь. Масийтта шо даьлча цо юха схьаийцира шен дакъа. "Проектан" хьастано дийцарехь, "нохчех алсам проблемаш хила юьйлаеллера цаьргара хуьлчу пайданалла а".

Текстехь хьахийначу нахах цу темина комментари йина цхьана Кротовс. Цо бакъ дац боху ша Кадыровца а, Делимхановца а цхьаьнагӀуллакхдар."Билггал, со цхьана а нохчийн элитана болх беш вац, со православин оьрсийн стаг хиларна", - аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG