7 шо долчу Ажигова Iайшина, лоьраш цуьнан куьг ца даьккхича ца бовлучу кхаччалц, гергарчу наха тIехь Iазап латторах долу дов листа долийна ГIалгIайчуьрчу Соьлжан кIоштан кхело.
Оцу хьокъехь хаам бина Кавказ.Реалиига йоьIан ненан Евлоевой Лидин агIор бехктакхаман гIуллакхехь дакъалоцучу “Правовая инициатива” юкъаралло.
Жоьпе изийнарш бу Iайшин дейиша а, цуьнан майра Марзиев Iийса а.
Дейиша Ганиева а, иза яханарг а бехкедо беран могашаллина зен дарна. Ганиева лаьцна кхобуш ю, ткъа Марзиевна дихкина дов дерззалц цIера дIасавала.
Евлоев Лидин адвокат ца хIоьттира девнах лаьцна информаци яла – иза беран дуьхьа ду, элира цо.
- 2019-чу шеран аьхка, лазийна а, ягийна а чевнаш а йолуш, кхачийра Ажигова Iайша Несарарчу дарбан цIийне. Москварчу берийн лоьран Рошаль Леонидан Iилман-талламан институте йигира Iайша, цигахь цуьнан цхьа куьг дIадаккха дийзира лоьрийн.
- Бер лоьрашна тIекхачийна хан ялале, лецира цуьнан дейиша Ганиева Макка. Цуьнца цхьаьна йоI гIелонехь кхабарна жоьпалле озийра полисхо волу цуьнан майра а. Даржан сий дайъарна иза балхара вохийна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.