ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туристашна дозанаш схьаделлар тIедожийна Гуьржийчоьнан Iедалхошна


Коронавирус юкъаяллалц Гуьржийчоьнан экономикехь туризм уггар а пайда бохьучу секторх яра: оцу сферехь къахьоьгуш бара иттаннашкахь эзарнаш бахархой, яздо Настоящее Время телеканало. Официалан информацица, стохка цхьана шарахь туризм бахьана долуш 3,3 миллиард долларшкахь ахчана пайда хиллера пачхьалкхана.

Ткъа тахана Гуьржийчуьрчу туризман сферан белхахоша латкъамаш бо, шайн юкъахъяьллачу туристикан сезонна а, хиллачу зенашна а, белхазаллина а. Цара Iедалхошна тIедожийна пачхьалкхан дозанаш схьаделлар.

Хьалхо мехкан урхаллехь болчара дош деллера, Гуьржийчу бахка таро хир ю кхечу мехкашкарчу бахархой карарчу беттан юьххьехь аьлла. Юха а, шайн сацам юхаийцира цара, ткъа дозанаш хIинца а къевлина ду.

Цкъачунна билггал хууш дац, шен-шен рожехь кхечу пачхьалкхашка лелаш хилла кеманаш юха лела маца дIадуьйлалур долуш ду.

Тбилисерчу хьешан цIийнан административан директоро Оситашвили Нинос гойту шен хIусамера яьсса холл. Адам дац ресторан чохь а, конференц-зала чохь а: Зазадокху-беттан юккъерчу деношкахь Гуьржийчохь карантин кхайкхийча схьа дуьйна нах тIеоьцуш бац цигахь. Йоллу персонал, луш алапа а доцуш, цIахь бита дийзира цуьнан.

Бутт хьалха Iедалхоша бакъо елира Гуьржийчуьрчу хьешан хIусамашна белхаш боло. Делахь а, Нинос урхалла ден отел сих ца ло: цуьнан неIаре вогIуш стаг а вац.

Оццу хьелашкахь йиссина Гуьржийчуьра дуккха а отелаш. Хетарехь, ситуаци иштта лаьттар йолуш ю, кхечу пачхьалкхашкара чуоьхучу туристашна дозанаш схьаделлалц.

"ХIаъ, дера дозанаш схьаделла а ма деза, мел а дуккха а хьеший тIеозорхьама. Амма цхьа кхерамзаллечу некъашца, со хууш яц, тхан пачхьалкхо и муха дийр ду, - боху Оситашвилис. – Дикка ойла а йина, вовшашца дага а дийлина дан дезаш хIума ду иза. Амма дозанаш схьаделла деза. Туризман бизнес бахьана долуш Iаламат боккха пайда хуьлура, ткъа хIинца дерриг а сецна лаьтта. ХIинца а кхин дIоггара тхуна хаалуш дац хилла зен, амма ГIадужу а, Лахьан а беттанашкахь тхан бюджетна тIехь къаьстар долуш ду".

Официалан Тбилисино бIаьста чIагIо йинера, пандеми йоьдучу юкъанна Гуьржийчоь дуьненахь а хьалхара пачхьалкх хир ю, кхечу мехкашкарчу туристашна шайн дозанаш схьадиллинчарех аьлла.

Уггар а хьалха кхузахь буьйцурш бара Евробертан пачхьалкхашкара туристаш: планехь дара, карарчу беттан хьалхарчу дийнахь уьш Гуьржийчу бита.

ХIетахь иза кхочушдойла йолуш хIума дара, хIунда аьлча, Гуьржийчохь коронавирусан ун даьлла эзар гергга бен вацара, цундела, цхьа а кхерам а боцуш, туристийн садаIа аьтто хир бу, ткъа меттигерчу бизнесхошна – кхин тIе а пайда хир бу аьлла, дегайовхо еллера.

Амма Мангал-бутт бовш гуьржийн Iедало дIахьедира, кхечу мехкашна дозанаш схьаделла хIинца а хьалхе ду аьлла. Церан дIахьедар ца тайна бIеннашкахь туризман сферан белхахой – гидаш, таксхой, хьешан хIусамийн а ресторанийн а белхахой, протесте бевлира урамашка - "КIелхьарайоккхур ю туризм" аьллачу лозунгаца.

"Тхан коьрта тIедиллар – дозанаш схьаделлар ду, амма ас билгалдоккху, оха юьйцурш коронавирусан кхерам лахара болу, хьал контролехь латто пачхьалкхаш ю, - боху туристикан компанин векало Джапаридзе Цотнэс. -Евробертан пачхьалкхаш ю аса юьйцурш. Оха ца боху, лаьттахулара некъаш даста, тхо кхеташ ма дуй, луларчу регионашкахь ситуаци цкъачунна ледара хиларх. Амма мел а сиха кеманаш дIасалелийта дозанаш даста деза. Иштта бен туризм юхайоло аьтто бац. Чувеанарг шина кIиранна карантине хаор а юкъарадаккха деза, и дIа ца даккхахь – тхо долчу цхьа а вогIур вац".

"Адамашлахь доьхна кхерам тийсарна а дуьхьал ду тхо. Ларадо тхо "коронаца" а, вирусаца къийсам мел латточунна доккха баркалла эр дара ас. Амма, туристаш чу а баьхкина, цара "корона" яржор ю бохуш, адам стрессехь латтор нийса дац, ма-дарра аьлча, - боху акци вовшахтоьхначех волчу гидо Гиоргидзе Александрэс. – Нагахь санна, дозанаш схьа ца достий, бизнесехь яккхий проблемаш гIуьттур ю. Тхан бизнесна гIо дан лууш шаьш делахь, Iедалхоша схьаала, маца, хьаьнца дозанаш делла дагахь бу уьш, кхиндерг оха тхаьш дийр ду".

Мангал-бутт бовш Евроберто, туристаш кхача бакъо йолчу "кхерамзаллин" пачхьалкхех хIоттийначу тептаре язйира Гуьржийчоь а. Ерриг а 15 пачхьалкх яра цу тIехь билгалъяьккхина.

Гуьржийчоьнан Iедалхой кечам беш бу, Европерчу пхеа махка шайн кеманаш лелийта – Германи а, Франци а, Латви а, Литва а, Эстони а.

Амма Тбилисино билггал муьлхачу дийнахь гIоттур ду кема, цкъачунна хоуьйтуш дац.

Кхечу пачхьалкахшкара чубогIучу туристашна тесташ яр а, карантине хийшор а юкъарадаккха лаам бу Iедалхойн, амма хIинцале а хууш ду, Гуьржийчу богIучу туристийн цхьа могIа тIебилламаш кхочушбан дезар дуйла.

"Гуьржийчоьнан дозана тIе бовлале уьш декхаре хир бу лерина хIоттийна электронан кепера анкетехь хаамаш бита. Цу тIехь ма-дарра къастийна хир ду кхочушъян езачу процедурех. Иштта хIораммо а хаийта деза, Гуьржийчу кхачале, тIаьххьарчу 14 дийнахь ша хиллачу меттигех а,- дуьйцу Гуьржйчоьнан Iедалхойн пресс-спикеро Чиковани Ираклийс. -Иштта анкетехь хьешо билгалдаккха деза, ша стенгахь саца дагахь ву а, мичахь хила лаам болуш ву а, шех лаьцна контакте информаци а цхьана йита еза. Тхуна оьшуш хилахь а, иштта, кхинйолу информаци а".

Ткъа, Евробертан пачхьклкхашкара цIа баьхкинчу Гуьржийчоьнан бахархойх дерг аьлча, даймахка бирзинчул тIаьхьа уьш декхаре хир бу шина кIиаранах карантинехь хан яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG