ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 8 стаг велла коронавирусах, 403 вахархо цомгуш хилла дийнахь-буса


ТIаьххьарчу дийнахь-буса 8 стаг велла коронавирусах, 403 вахархо цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, беллачаралахь ву ГIалмакхойчуьра кхо стаг, Дагестанера, Ставропол-махкара – шишша, Краснодар-махкара – цхьаъ. Пандемин муьрехь Къилбаседа Кавказехь велларг массо а ву 913 стаг

Дийнахь-бусий юьхьанца дуьйна а цомгуш хилла:​

  • Ставропол-мохк +141 (6766)
  • Краснодар-мохк + 70 (7115)
  • Дагестан + 44 (8735)
  • ГIалмакхойчоь + 31 (2346)
  • ГIалгIайчохь + 26 (3419)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 23 (4185)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 20 (5771)
  • Адыгей + 18 (2344)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 17 (4337)
  • Нохчийчоь + 13 (1908)

Юьхьанца схьа коронавирус хьакхаелла Къилбаседа Кавказерчу 46 810 стагах, боху официало. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 765 816-ннах.

Федералан штабан хаамаш дукха хьолехь богIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG