ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"БуьритIе-Мазалк" некъан проект хийца, боху Iедале ХIирийчоьнан бахархоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Зилги юьртан гуламо БуьритIера Мазалкан агIор буьллуш болчу некъан маршрут хийца, аьлла шайн мехкан Iедале. Иза ца дахь, шаьш юьртан дежийлех довлу, дIахьедина бахархоша.

Иза доцуш, керлачу некъо хадор бу шаьш юьртан кешнашна тIедоьлху некъ а, йохор ю юьртара бераш ловзу спортан майда а, боху наха.

"Шо долалуш мехкан куьйгалхочо Битаров Вячеслава президентанна Путинна дош делла, кхушара некъ бина бер бу, аьлла. Цундела хIайт-аьлла беш бу некъ, иза буьллучу технико хIинцале хIаллакбина эзар шерашкахь хотешца лаьттина шира хIолламаш – историн мехаллаш. ХIетахь нах меттахбевлира, Iедал кхераделира йоккха скандал эккхарх, некъ Зилги юьрта берзийра. Юьхьанца некъ беллачийн чалхашна тIехула дIабахьа гIоьртира, хIинца иза дийна болчу наханна тIехула буьллуш бу", - яздина шен телеграм-каналехь хIирийн журналиста Сагеева Мадинас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG