ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Помпео, вола Нохчийчу, къамел дийр ду вайша"


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Шена дуьхьал санкцеш яьхначу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаре Помпео Майке вистхуьлуш видео дIаязйина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, иза республике а кхойкхуш. Пачхьалкхан "Грозный" телерадиокомпанино социалан машанашкахь яржйина ролик.

Кадыровс ша кийча ву боху, Госдепан Iаьржачу тептаре ша ваккхаран бахьанех дийцаредан.

"Помпео, вола, кхузахь чIогIа хаза ду. Къамел дийр ду вайшимма. Хьовсур вай, хьан муьлха бакъонаш йохайо", - боху Кадыровс цавашарца.

Оршотан суьйранна хаамашкахь даьржира, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан Iаьржачу тептаре ваккхарх, цо махкахь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларца доьзна. Ткъа Кадыровс а, цуьнан агIончаша а тIе ца дуьту шайна дохку бехкаш.

2016-чу шеран Дечкен-баттахь тIепаза вайра мехкадаьттан институтан хьехархо Ежиев Хизар. Иза низамхой бу бохучу нахана вадийна хиларх дIахьедира гиначара. ТIаьхьо яздора, "ВКонтактерчу" шен пена тIехь Кадыровх лаьцна комментарий йитина аьлла, вигина хилла хьехархо Ежиев Хизар вен а вийна, эвлан йистехь карийна бохуш.

Карладоккху иштта, Инаева Iайшатах Iоттаделларг а. Коммуналан ял схьагулъеш, цхьа рогIера тулгIе йолийра махкахь 2016-чу шарахь,. ХIетахь оьгIазъяхначохь Инаевас критика йинера Iедална. Оцу тIехула Кадыровс гечдар дехийтира цуьнга а, цуьнан хIусамдега а. Цул тIаьхьа йоккха делегаци яханера церан эвла, массарна а хьалха цуьнгара бехкаш а дохуш.

Кху шеран Марсхьокху-беттан 8-чохь кхо шо кхочу нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха Соьлжа-ГIалахь вайна. Дац цуьнгара кост йа гергарчаьрга а, талламчашна цуьнан кхолламех хууш а дац. Нохчийчуьрчу бахархойн шеко яц иза дийна хир ву аьлла.

Нохчийчуьрчу цхьана бакъонашларъярхочо къайлах «Кавказ.Реалии» порталца къамелехь аьллера, Бакаев лаьцна латторна бехке Кадыров Рамзанан администрацера лаккхара даржхо ву аьлла. Амма хууш дац, муьлхачу бахьанашца къайлаваьккхина иллиалархо. Кадыровс мукIарло дира цунах, жоьпалла цуьнан гергарчарна тIе а тоттуш. Гей ву аьлла, бехкевинера иза. Германехь ву аьлла, цхьа буьйда ролик ян гIортира уьш, амма журналисташа дукха маса гучубехира Iедалхойн аьшпаш.

2017-чу шеран аьхка "Новая газето" яздинера, оццу шарахь Дечкен-баттахь Нохчийчохь ницкъаллин структураша 27 стаг вийна аьлла. Йина кхел а йоцуш, Нохчийчохь 27 стаг верах "Новая газетано" Iорабаьккхина хаам тоьшаллашца тIечIагIбира бакъонашларъярхоша а. Амма, меттигерчу Iедалша дIахьедира, цу материалехь дуьйцург бакъ дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG