ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дейли Шторм" гIирсана Кадыров Рамзана еллачу интервьюх.

Яхначу аьхка Соьлж-ГIалахь вайна иллиалархочух Бакаев Зеламхах жоп Iедалхошкара ма деха, цуьнан гергарчаьргара хатта.

Титиев а, цуьнан кIант а наркоманаш хиларан тоьшаллаш дуккха а ду, амма Немцов вийна аьлла, бехкебина набахте хьийсийначу кIенташна тIехь лелорийг харцо ю.

Шена критика йийраш хьекъална эшна, дарба оьшу нах бу, махкахь психика гаьлъяллачарна лерина медицинан тоьлла хIусамаш ю ехкина, царна дарба дан таронаш а ю.

Бардан Муцураев Тимуран иллеш хазахетара шена, дог доьхна шен иза иллеш олучуьра сецча.

"Дэйли Шторм" хаамийн гIирсана мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзана еллачу интервью юкъара цитаташ ю уьш, тахана дуьненчуьрчу бакъонашларъярхоша а, журналисташа а шайн тергонехь латточу уггар а коьртачу лазамех дуьйцучех.

Бехкзуламан гIуллакх схьа а диллина, "са ма гатде", "лохуш ду" бохуш, кIентан гергарчу нахана кхелан системехь болучара дегайохо а латтош, "декхарех ведда", "ша шена пиар еш ву", "кеста гучувер ву" кхечу декъо а бохуш, латтийначу Бакаев Зеламхан кхолламех хIинца шолгIа дIахьедар дина Кадыровс.

Я ша а, я ницкъаллийн структурийн белхахой а юкъара бац боху цо, кIант варна. КIантах бакъдерг БакаевгIеран доьзалехь лаха деза боху.

"Цуьнан дена а, шичойшна а ма хаьа дерриг а ма-дарра, хIунда ца хоуьйтуш ду кIентан нене, цуьнах хIунда хьулдина? Шайн доьзалехь цакхетамаш, прооблемаш ю церан… Нагахь цхьа доьхнарг а дина, наркоман цIера веддехь, хIун бехк бу сан а, махкарчу Iедалан а?", - бохуш, хеттаршка вуьйлу мехкан куьйгалхо.

Ткъа, Зеламхан дена Бакаев Хьусайнна дерриг хууш хиллехь, стенна хехкалора иза кест-кеста Москох, шен кIант вехаш хиллачу гIала, цуьнах цхьа кост хазаре, лар караяре сатуьйсуш?

ХIунда гайтира пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь, "Германехь ву Бакаев Зеламха" аьлла видео? Мича Iалашонца хIоттийнера и сурт?

Уьш-м дуккха а ду, жоьпаш доцуш дуьссу хеттарш.

Карарчу беттан 9-чохь лаьцна Iуьйранна белхан гIуллакхна шен машенахь воьду регионерчу "Мемориалан" декъан куьйгалхо Титиев Аюб лецира. Бакъонашларъярхочун машенчуьра наркотикаш яьхна шаьш боху полисхоша, ткъа Титиевс шена кхийсина ю боху ницкъаллийн структурийн белхахоша наркотикаш.

Титев Аюбан белхан накъосташа а, Москохарчу "Мемориал" центран бакъаонашларъярхоша а, ишта дуьненаюкъарчу организацеша а Титиевна тIекхоьллина харц цIе дIа а яккхий, иза дIахецар доьху.

Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидата Собчак Ксенияс социалан машанерчу шен пена тIехь зорбане даьккхира Кадыров Рамзанан цIарах яздина диллина кехат.

"Мацца эшна а хьуна а оьшур ма ду бакъонашларърхойн орца, бехкбоцу стаг дIахеца", - бохуш, кхайкхамбо Собчака.

"Дейли Шторм" гIирсан журналисто Кашеварова Анастасияс хIинца а кандидат бен йоцучу Собчака хьоьга дехар а ца деш, тIедожжош ма боху, Титиев дIахеца аьлча, Iоттамечу велакъажарца боху Кадыровс: "Гой хьуна, кандидатна ца хаьа стаг чуволлар, дIахецар сан компетенцехь доцийла. Со прокурор ву, я суьдхо ву? Со мехкан куьйгалхо ву, сан цхьа а бакъо яц оцу юкъагIерта".

Массарна а хууш ду Титиевн кIант наркоман вуйла а, теш ву Титиевс анаша узуш гина, массо а кепара тоьшаллаш ду цуьнан бехкхиларан, боху мехкан куьйгалхочо.

Амма Титиев дуьненчохь хилар а иза лаьцначул тIаьхьа бен хиина дац шена бохуш, чIагIонаш йо Кадыровс.

"Хаттахаьа муьлххачу а нохчочуьнга, масала, кху чохь а ву хьуна кхо нохчо, хаттахьа цаьрга, вевзий царна Титиев. Нагахь санна, царех цхьаммо шена хезна алахь, ас дош ло хьуна, кхи нахана юккъе ца вала,- карзахвуьйлу республикан куьйгалхо.

Амма кеп-кепара Титиев лацарх хеттарш ду цуьнан адвокатийн а, бакъонашларъярхойн а, уьш хезаш стаг вацахь а.

"Дейли Шторман" журналисто дайн Iадаташ, гIиллакхаш лардеш, динехь, къовламе куьйгалхо ву хьо, ткъа ахь Нохчийчу кхуьйкхучу хьешашлахь кIезиг бац шайн леларшца оьзда бу ала хьакъ боцу нах. Бузова а, Тимати а хьахош, Кашеваровас дагатосу нохчийн бард Муцураев Тимур а.

"Суна халахеташ делахь а, хIинца иллеш олучуьра сецна иза. Дуьххьара цуьнца цхьанакхетар сайн хилча, хIинца-м дог Iаббалц цуьнан иллешка ладоьгIур дара ас аьлла суна хеттийтина, ша дитина иллеш боху-кх. Ма халахийтира суна…", - дуьйцу Кадыров Рамзана.

Ткъа хаьий-те, ша прокурор вацахь а, суьдхо вацахь а, мехкан куьйгалхочунна шена везначу бардан Муцураев Тимуран иллеш экстремизме а лерина, тахана маьршша ладогIа бакъо дIаяьккхинийла а, цуьнан иллеш даржийначунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш а доьллуш, гIуданаш деттийла а?

Делахь а, ша шена реза ву Нохчийчоьнан куьйгалхо. Мехкан урхалла дан хIоьттичхьана, шен белшашна тIедехкина декхарш 100 процентна кхочушдина ваьлла ша боху Кадыровс: махкахь къепе меттахIоттийна а, терроризм эшийна а, халкъ реза дина а.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG