ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зеленский а, Кадыров а, Кремль а. Украинин президент бехкалвахна ган лаьа


Зеленский Владимир
Зеленский Владимир

Товбеца-беттан 19-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана юха а дIахьедар дина Украинин президенто Зеленский Владимира "тIечIагIдан" деза масийтта шо хьалха Зеленскийс цу хенахь куьйгалла деш хиллачу "Квартал 95" забаре шоухь видео арахецарна бех цабиллар дехар, аьлла.

Кадыровс дийцарехь, хьалхо Зеленскийна "шен бехк хиларна, къера а хилла, къонахалла тоьира бехк цабиллар деха", амма Украинин президентан полномочеш шега кхаьчча, гIерта волавелла иза "цхьаъ ша волуш санна гайта гIерта, хилларг хьийзош, сетташ, ша лакхаваккха а, ткъа "хIоразза а бехк цабиллар дехаран керла версеш кхолла а", яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо яздина социалан машанашкахь, нагахь Зеленскийс юха тIе ца чIагIдахь ша бехк цабиллар дехар, цуьнан "жоп дала дезар ду" шена хьалха, "республикан куьйгалхочунна хьалха санна а ца луш, амма Нохчийн Республикан хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан турпалхочун Кадыров Ахмат-Хьаьжин" кIантана хьалха санна, аьлла.

Кадыровна ша сийсаз веш хетта ролик зорбане яьллера "Квартал 95" компанин цхьана видеохь. Цу тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу сурташна тIе диллина ду Ленинан эсалла йохорна халахетта воьлхучу гIеметта хIоьттинчу украинхочун аз.

Кадыров Рамзана дуккхазза а къамелаш дина тайп-тайпана бехкаш дохкуш Украинин Iедалшна. Масала, 2019-чу шарахь ялхолгIачу Украинин президентан Лаккхарчу Радехь инаугурацин къамел дIадирзинчул тIаьхьа, Нохчийчоьнан куьйгалхо эргIадваханера Оьрсийчоьно аннекси йина ГIирма юхаерзо цуьнан планаш хиларна.

ХIинца шен гуш-хезаш ша Зеленскийга дахьийтинчу костанехь Кадыровс яздо: "Хьо билгалвала веза хьайн позицехь, тIечIагIдан деза ахь айхьа бехк цабиллар дехар. Со кхелхинчу Ден кIант, Инзаре Лидеран Путин Владимиран тешаме гIашсалти, сайн къам лардархо ву. Ахь а харжа еза хьайна йогIуш йолу статус, къосто деза, эххар а, Хьо мила ву бохург. Хьо дог цӀена доцу а, каде а дешнашца хилла ца Iан, иштта ву хьо харжамашца доьзначу ваIданашца а. ВаIда динера ахь (Донбассехь) тIом дIаберзо, амма хьайл а хьалха хиллачу Порошенкон гIуллакх дIакхоьхьуш ву хьо".

Кхин а Кадыровс кхайкхина Зеленский Путин Владимире телефон тохаре "Украинин малхабалехь тIом чекхбаьлла хилар цуьнга дIакхайкхош".

Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Киевехь Зеленскийн машен а ягош, ницкъ бийр бу аьлла кхерамаш а тосуш, девне истори хилира, 2014-чу шарахь ГIадужу-беттан 6-хь "1+1" каналехь "Студия квартал 95" "Чисто news" программа араяьллачул тIаьхьа.

25 секундехь йолчу видео тIехь Зеленскийс цкъа дуьххьра олу "Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзана иштта реакци йира Харьковехь Ленинан эсалла йохорна", ткъа цул тIаьхьа хьовсархошна гайтира нохчийн лидер воьлхуш яьккхина видео, 2014-чу шарахь Гезгмашин-баттахь дуьненан пролетариатан баьччан монумент йохорна, Iедалшкара бехкаш дохуш иза воьлхуш волуш санна: "Ленин охьатоьхна. 80 шарахь даьхнера, ткъа цу тайпаниг ца гинера. Фашисташ, бандерахой".

И ролик араяьлла масийтта де далале Оьрсийчохь кхерамаш тийса буьлабелира Украинерчу шоуменна. ТIаьхьо гучуделира Нохчийчоьнан лидер тIехь волу видео 2004-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 9-хь Соьлж-ГIалахь вийна волу цуьнан да Кадыров Ахмат дагалоцуш доIа деш 2012-чу шарахь яьккхина хилар.

Дуьххьара и видео бахьана долуш бехк цабиллар дийхира Зеленскийс 2014-чу шарахь ГIадужу-беттан 9-хь, "Чисто news" программа араяьллачул тIаьхьа кхо де даьлча.

"Суна, бакъдерг дийцича, ца хаара и видео мухха делахь а стаг дIаволларца йоьзна хилар. Дуьххьара иштта информаци яра. Муьлхачу политиках лаьцна дуьйцу аьлла доцуш – Кадыровх, Путинах, Порошенкох – цу тайпачу хIуманашна тIехула забарш еш ца хуьлу. Ас элира: иза иштта делахь, бехк ма билла суна. Иза тезет ца хиллехь а, иза бусулбанийн ритуал хиллехь а, ас лору дерриг а динаш, сийлахь хетачунна тIехула со воьлур вацара. Цундела ас элира: ас бехк цабиллар доьху массаьрга а, айса халахетийтинчаьрга, берриг а бусалбанашка".

"Студия Квартал-95" компанин куьйгалхочо Украинин президентан харжамашкахь ша дакъалаца дагахь хилар хаийтале цхьа кIира хьалха, 2018-чу шарахь ГIура-бутт чехкболуш, Украинерчу журналистана Гордон Дмитрийна интервью луш Зеленскийс юха а карлаяьккхира цу девне исторех лаьцна шен хьалха а хилла йолу позици. Бакъдерг аьлча, хIинца цо чIагIдора, ша цуьнца цхьа а юкъаметтиг йолуш вацара бохуш:

"Тхан "Чисто news" программехь цхьа видеоролик яра – суна иза ца гинера, со вацара и программа дIахьош верг, иза кхечу авторийн тоба яра. Цуьнах (Кадыровх) лаьцна дуьйцуш а дацара цигахь, цигахь яра масийтта хедийна видео кийсиг, царна юкъахь нисйеллера Кадыров Рамзан воьлхуш йолу видео а. Соьга телефон туьйхира цу хьокъехь: хьуна хIун аьлла хета, муха тIеоьцур ю иза бусалбанаша? Ас жоп делира, суна ца хаьа цигахь дерг хIун ду, юха а хьожур ву со оцу исторе аьлла. ХIунда аьлча, динца йоьзна тема чIогIа экаме тема ю…", - элира Зеленскийс Гордонна еллачу интервьюхь, ткъа и фрагмент зорбане яьккхинера Кадыровн Telegram-каналехь.

Украинерчу прессо яздо, гуш-хезаш доцуш "Студия Квартал-95" 2014-чу шарахь а гIоьртира нохчийн лидерца иккхина дов дIадерзо, бохуш. ЧIагIдарехь, Зеленскийс бехк цабиллар дийхира Кадыровга, Нохчийн республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министрца телефонехула къамел деш, амма, барт бина хиллехь а, реза ца хилира иза шеца Кадыровца цхьаьнакхета кеманца Соьлж-ГIала ваха. Цуьнан цхьана тIаьхьенех ю, бохуш, яздора журналисташа Киеван юккъехь 2014-чу шарахь ГIуран-баттахь актеран Range Rover машенах цIе йиллар. Ша Зеленский цу чохь цахиллера. Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дукха хан ялале хаам бира, 7 стагах лаьтта зуламхойн тоба лацарх. Царах цхьа стаг, талламхойн версица, уьйраш йолуш вара Нохчийчуьрчу Iедалшца.

Ермолаев Андрей
Ермолаев Андрей

Strategic Group Sofia проектан куьйгалхочунна, политикан аналитикана Ермолаев Андрейна хетарехь, Зеленский Владимирна бехкаш дохкуш, ша аьлча харжамаш тIекхочуш тIом дIаберзор бу аьлла дина ваIда кхочуш ца дарна иза бехке веш Кадыров Рамзана кхайкхам бар цунна шенна шена дагадеана дина хIума делахь тамаш бу.

Суна хетарехь, цу тайпа ультиматуман дIахаитарца къамел дар хьокъехь идея кхоллаелла Оьрсийчоьнан лаккхарчу политикан куьйгаллица барт а бина. Иза доьзна ду Украинин президент "бехкаллан" кепе хIотто гIертарца. Кхузахь дуьйцург Кадыровна шена хьалха бехк цабиллар дехаршца доьзна ма доций. Баккъалла а дийцича, текстехь ду Донбассерчу тIаманна апелляци яр а, цигахь дуьхь-дуьхьал латтар дIадоьдуш хиларна а, Украина а, Оьрсийчоь а гибридан тIеман конфликтан хьолехь хиларна Зеленский жоьпаллехь хиларна а Iоттар яр.

Дерриган орамехь Iуьллуш ю, "минскин" а, нормандин" а форматашкахь Украинин малхбалера тIеман конфликт дIаерзорца йоьза цхьаьнаметта лаьтта ситуаци, тергамхоша а, дипломаташа а билгадоккхуш ма хиллара, цхьаьнаметта латтар а, дагадовларш сецор а, тIелаьцна декхарш кхочуш дан цхьа а йоккхуш гIулч йоцуш долу.

Ткъа карачу хенахь хьалхара хаттар ду: муьлха политикан агIо бехке ю, Европин а, Украинин я Оьрсийчоьнан, ерриг а юкъаметтигийн система сацийна латторна. Ткъа Кадыров Рамзан кхузахь – къеггина, карзахдаккхаран, шен политикан эпатажца евзаш йолу фигура ю. Суна хетарехь, нисса дIа и фигура хаьржина а, дагадевлла хаьржина а ю цхьа ша-кепа цу теман катализатор санна.

Кхузахь, бехк цабиллар дехар дар тIедожор – политикан мохь бу, политикан говзаллин кхочушдар ду, дуьххьара дуьйна и проблема кхоллаяларна жоьпаллехула Украинин президент бехке волчу агIонан хьоле хIоттош долу.

Зеленский Владимира сихха жоп хIунда ца делира Кадыров Рамзана шега хьажийначу дешнашна?

Кхузахь бехк цабиллар дехар дар тIедожор – политикан мохь бу, политикан говзаллин кхочушдар ду, дуьххьара дуьйна и проблема кхоллаяларна жоьпаллехула Украинин президент бехке волчу агIон хьоле хIоттош долу.

– Украинин президентана жоп ца луш Iан вуно хала хир долу хIума ду иза. Гарехь, хIинца цуьнан формалан кепара цхьа бехк цабиллар дехна ца Iаш дезар ду тIом а, машар а, чоьхьара политикан хаьл а, къилбаседехьа а, малхбузехьа а йолчу Украинин политикан ориентаци хьокъехь а мелла а билггал жоьпаш дала.

Украина йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийна Де даздеш Марсхьокху-беттан 24-хь хила а мега Украинин лидеран рекци. Амма, суна гарехь, хIинца а Зеленскийн дикачу агIор имидж юьсуш хиларга хьажна доцуш, мухха делахь а, иза гуш ву гIийла а, ирке а (цхьаъ чекхдаккха ца хIутту) куьйгалхо санна. Стохка харжамаш тIекхочуш кхиаме дина дIахьедарш бахьана долуш хIинца цо чIогIа доза тоьхна нахана гуш-хезаш йолчу шен сферина. Дерриг а тIедаьлла ша шен сурташ дахарна а, интернет-кхайкхамаш барна а, дешнаш кхиссарна а (репликаш).

Ткъа практикан чулацам болуш цо дийриг ду, арахьарчу политикица я чоьхьарчу хийцамех йоьзначу планех а, концепцех а йоьзна президентан позици, IиндагIехь юьтуш хилар. Ткъа цо шен агIор аьттонан герз ло цуьнан дуьхьалончийн кара цуьнан дешнаш тайп-тайпанчу агIор тида а, церан чулацам хийца а. Тактикан агIор аьлча, дера, Кадыров Рамзанан дIахьедаро цIерга дечиг ма тосу ша Украинехь а.

Зеленский Владимир, Луганскан кIошта ваханчхенахь. 2020 Товбеца-беттан 8-гIа де

Тидам тIебахийта лаьа суна Нохчийчоьнан куьйгалхочун дIахьедар ша цхьа ультиматум цахиларна, кху тIаьхьарчу деношкахь Украинин президентан цIарах дина долу. Цуьнан цIарах дуккха а хаттаршкахула луьра Iиттарш йира цунна дукха хан йоццуш Лаккхарчу Радехь Украинин пачхьалкхан суверинитетах лаьцна Деклараци тIеэцна 30 шо кхачарна хьажйначу лерринчу кхеташонехь. Зеленский хIинца соне лоллуш ву, юьхьарлаьцнарг билгалдаккхар тIедожош", - боху Strategic Group Sofia талламан центран куьйгалхочо Ермолаев Андрейс.

Оцу юкъанна Украинин президентан канцеляри тешна ю: Кадыровн кхайкхамна реакция ян оьшуш дац Зеленскийс. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Зеленский Владимирга аьлларг зорбане даьккхина ши де даьллачул тIаьхьа президентан канцелярино хаам бира, Кадыров Рамзанан дIахьедар шеца "керланиг долуш дац, цунна официалан реакци ян декхаре хила" аьлла. Украинин пачхьалкхан куьйгалхочуьнан аппаратан белхахоша билгалдоккхуш ма хиллара, Нохчийчоьнан лидеро бина кхайкхам, хьакхало пачхьалкхийн юъаметтигийн темах, амма и тема ю "Украинин а, Оьрсийчоьнан а президентийн компетенцехь".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG