ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стамбулерчу Айа-Софийа маьждигехь дуьххьара Рузба дина


Стамбулерчу Айа-Софийа маьждиган тхов
Стамбулерчу Айа-Софийа маьждиган тхов

Стамбулерчу Айа-Софийа маьждигехь (хьалха музей лаьттинчу) тIаьхьарчу 86 шарахь дуьххьара Рузба дина бусулбачу наха тахана, яздо оьрсийн Свобода Радиос.

Туркойчоьнан Пачхьалкхан Кхеташоно (Лаккхара административан кхел) Товбецан-беттан 10-чу дийнахь Айа-София маьждиган статусе йоккхуш вердикт кхайкхор бахьана долуш аьтто баьлла бусулбачийн цигахь гулбала. Пачхьалкхан президента ЭрдогIан Реджепа хаам бинера, кху беттан 24-чохь дуьххьара ламазаш дийр ду цу чохь, аьлла. Рузбанехь дакъалаьцна президенто ша а.
Маьждига чохь КъурIан дешна тахана. Эзарнашкахь бусулбанаш гулбеллера Рузба дан буьйлабалале маьждигна хьалхарчу майданахь. Коронавирусан пандеми бахьана долуш 500 стаг бен чу ца витира.

1500 шо гергга хьалха хIоттийна йолу Айя-София ехха заманашкахь лаьттина керста килс санна. 1453 шарахь, османаша Константинополь яьккхинчул тIаьхьа, маьждиг дина цунах. Музейн статус елла гIишлонна 20-чу бIешеран хьалхарчу декъехь – Туркойчоь таханлерчу хьесапе ерзийначу пачхьалкхан куьйгалхочо Ататюрк Кемал Мустафас.

Латта тIера хазанаш Iалашъечу ЮНЕСКО юкъаралло Дуьненан мехаллийн могIара яьккхира Айя-София 1985-чу шарахь.

Римера Папас Франциска, ша халахетарца тIеэцна, Туркойчоьнан кхело Стамбулера Езачу Софиян килс музейн статусера яьккхар а, цунах маьждиг дан магош сацам бар а, аьлла. Ватиканехь кIиранан хьехамаш ша беш, Франциска бохура: "Езачу Софиян ойла йо ас, боккха цатам хилла суна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG