ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америко Кадыровна тоьхна санкцеш, Штаташна дуьхьалъяьлла Росгварди


Parade in Grozny
Parade in Grozny

ОРШОТАН ДЕ

Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзначуьнца а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш яьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто. "10 шарал а сов хенахь дуккха а адамийн бакъонаш луьра хьешарна, Iазап латторна, еш кхел ел а йоцуш, нах байъарна Кадыров жоьпаллехь хилар гойту бакъ информаци ю Департаментан долахь", - боху Американ Цхьанатоьхначу Шатийн пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дIахьедаро.

Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ, Вашингтон
Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ, Вашингтон

Санкцеш хьовсийна Кадыровн зудчунна Меднина а, шина йоIанна – Iайшатна а, Хадижатна а – дуьхьал. Царна а доьхку Американ Штаташка бахка – Пачхьалкхан департаменто бахарехь, цуьнгахь информаци ю уьш адамийн бакъонаш йохочу некъахь хиларх, " шаьш я шайн гонашца уьш боккхачу барамехь коррупцин декъабахана хиларх ". Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто рогIера санкцеш кхайкхор шен амалехь тIеэцна Кадыровс: телеграм-канале, деза герзаш кара а эцна, шен сурт хIоттийна цо, буха яздина: "Помпео, оха тIеоьцу тIом! КхидIа вуно самукъане хир ду!"

ШИНАРИН ДЕ

Оцу юкъанна, Австрин коьртачу шахьарехь дIавоьллира, карарчу беттан 4-чохь вийна нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан (Венера Анзор), кешнийн го лаьцначу полисхоша а, къайлахчу сервисийн белхахоша а ха латтош. Шахьарарчу Лизинг олучу бусулбачийн кешнашкахь лаьтте кховдийна Умаров. Тезетахь хилира нохчийн диаспоран векалш а, иштта Умаровн гергара нах а, бевза-безарш а. Верриг а бIе гергга стаг вовшахкхеттера цу барамехь. Хетарехь, адам кхин а алсам гуллур долуш хиллера цу тезетахь, амма коронавирусан пандеми бахьана долуш меттигерчу Iедалша дихкинера бIеннал а сов вовшадеттадалар.

Австрин полици
Австрин полици

Дагадоуьйту, Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критик лаьттина, "Венера Анзор" цIарца шуьйрачу гонашкахь вевзаш хилла Умаров Мамихан. Шен YouTube агIонехь Умаровс яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна. Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна.

КХААРИН ДЕ

Ткъа, Кадыров Рамзан а, цуьнан доьзалхой а Америкас санкцийн тептаре баьхначул, эргIадбахначу цхьа могIа Кадыровн гонерчу наха кеп-кепара дIахьедарш дира Цхьанатоьхначу Штаташка а, пачхьалкхан департаментан секретарна Помпео Майкана кхерамаш а туьйсуш. Царна тIетовш юьстах ца йиссира Нохчийчуьра муфтият а."Динан урхаллан векалша билгалдоккху, шайна билггал хууш хиларх, оцу массо а харц демократаша нохчийн лаьтта тIехь зуламаш лелийна террорхой бакъбар", - аьлла дIахьедира Динан урхаллан хьалханчас.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретарь Помпео Майк
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретарь Помпео Майк

Урхаллехь болчарна хетарехь, "Исламна а, доллу нохчийн къомана а дуьхьал яьхна ю Америкас санкцеш". Кадыров Рамзана а, цуьнан дас Кадыров Ахьмада а "Iалашйина нохчийн къоман хьоьшуш хилла бакъонаш, Нохчийчоьнан Республикан дозана тIехь адамийн конституцин бакъонаш Iалашъяр а юхаметтахIоттийна", иштта тIеман-политикан кризисера яьккхина Нохчийчоь бохуш, дуьйцура динан дайша.

ЕАРИН ДЕ

Амма, Цхьаьнатоьхначу Штаташа "Iаьржачу тептаре" ваьккхинчу Кадыров Рамзанан догэцар санна, дIнисделира еарин дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира цунна инарла-майор аьлла, бIаьхочун сийлахь совгIат дар. "Президенто ша бовзийтира суна докумкнтан чулацам. Беза мах хадор ду иза", - яздина Кадыровс шен "ВКонтактерчу" пена тIехь, ша "Путинан гIашсалти" хилар а, муьлххачу континентехь, муьлхха а цуьнан тIедиллар кхочушдан кийча хилар билгалдоккхуш.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

"И дерриг а кхочушдан тхан мел оьшург долуш ду - доьналла, хадамалла, кхачо йоллу кечам, техника, цхьаннен а хаттарш ца хилийта, федералан структураша делла герз а цхьаьна", - дIахьедина Кадыровс. 2004-чу шарахь Путина Оьрсийчоьнан Турпалхо вира Кадыровх. Иштта деза совгIаташ дира цунна, пачхьалкхана гергахь мехала гIуллакхаш дарна а, кхачийра цунна Сийлаллин а, Къонахаллин а мидалш а, орденаш а.

ПIЕРАСКАН ДЕ

"Ахмат Арена" стадионехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вазвеш, цунна дифирамбаш лекха дIакхайкхийна флешмоб "данне а бакъ доцург ду" аьлла, керстдан сихбелира, и барам вовшахтоха лерина хилла спортан министраллан белхахой. "Школийн куьйгалхой, телефонаш дIасаетта, кхана Ахмат-Аренехь шуьйра флешмоб ю дIахьош. Спортан министраллера зIене бевр бу шуьца, оцу барамах кIорггера дийца. Дийнахь кхо сахьт даьлча массо а стадиона хьалха хила везаш ву, бетах йоьхкина масканаш а йолуш, шайца хи а, "МыСемьяКРА" тIеяздина кехаташ а долуш", - бохуш, аудио яржийра шен цIе ца яьккхинчо.

Кадыров Рамзан "Ахмат Арена" стадионехь
Кадыров Рамзан "Ахмат Арена" стадионехь

Оцу юкъанна спортан министралло тIе ца дуьту, инструкцеш шайгара ю бохург. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь министраллан пресс-секретаро, "сов тIех фантастика" ю элира флешмоб, коронавирусан пандеми бахьана долуш тоьхначу дозанашна тIе а тоттуш. "Тхо тхаьш а ду цецдевлла, оха цхьа а хаамаш баржийна бац. Фейк ю иза, тхуна дуьхьал болх бечу наха юкъаяьккхина. Пандемина юккъехула хIун флешмоб хир ю, адамаш вовшех къехкаш долчу муьрехь. Тхуна дагадеана хIума дац иза. Бакъ дац!", - аьллера министраллехь.

ШОЬТАН ДЕ

Амма бакъ ду, Гуьмса кIоштан 3 эзар сов нах вовшахкхетта, дIаяьхьна хилла, Америко Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан доьзалерчу нахана а санкцеш тохарна дуьхьал яьккхина акци. Иштта, Нохчийчоьнан гIаланашкахь а, кIошташкахь а протестан акцеш хIиттийнера аьлла, информаци яржийра, "МысемьяКРА" аьлла, хештегашца цигахь даьхна суьрташ а, видеош а тIе а Нохчийчоьнан "Грозный" пачхьалкхан телерадиокомпанис инстаграмерчу шен пена тIехь.

Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а
Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а

Юьстах ца Iийна республикера "Росгварди" а, "Чеченэнерго" а, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министралла а, кхин а цхьа могIа урхаллаш а. "Кавказский узел" агенталло яздо, бертаза, балхара дIабохур бу цабаьхкинарш бохуш, кхерамаш а тийсина, арабаьхнера махкахой.

КIИРАНАН ДЕ

Республикехь коронавирусан эпидеми бахьана долуш тоьхна карантинан дозанаш малдичхьана COVID-19 ун юха даржа доьлла махкахь аьлла, шоьтан суьйранна дIахьедира Нохчийчуьрчу могашалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. ХIетте а, Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан винчу денна баккхий кечамаш болийна Соьлж-ГIалахь.

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Мехкан Iедалхоша 4,8 миллион сом ахча билгалдаьккхина оцу хенахь даздечу пачхьалкхан флаган денна а, Кадыровн винчу денна а лерина барамаш хIиттон. "МБХ медиано" яздо цунах лаьцна, пачхьалкхан цIарах хIума оьцучу сайтехь зорбане яьккхинчу документацех пайда а оьцуш. Кадыров Ахьмадан 69 шо кхочучу Марсхьокху-беттан 23-чохь Соьлж-ГIалахь концерт дIахьур ю, 700 сов нах вовшахтоьхна. Ткъа флаган де билгалдоккхур ду оццу беттан 22-чохь. Эзар сов стаг декхаревеш ву цу дийнахь марш ян. Иза йирзинчул тIаьхьа а концерт дIахьур ю меттигерчу иллиалархошца. Ткъа шайн керташкахь а, ресторанашкахь а нах гулбеш, тойнаш, ловзарш хIиттон хIинца а дихкина ду бахархошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG