Афганистанерачу полицин урхалла гергарчу заманчохь декхаре бу эзарнашкахь зударий шайн балха юкха ийзо. Ницкъаллийн структурашкарчу дакъошкахь агенташ санна белхаш беш хIинцале а бу зударий. Шаьш болх бечу меттигех хаа а ца хоуьйтуш, къайлаха лела безаш хуьлу уьш бохуш, яздо Настоящее Время телеканало.
Диъ шо шергга хан ю Назо полицехь болх беш йолу. ХIумма а атта дацара шена боху цо, балха хIотта. Говзалла евзаш хиларал а совнах, полицехь бечу балхаца дукха лерина конспираци лелон а оьшу - Афганистанехь зударшна-полисхошна алсам кхерам бу, божаршначулла а.
"Полисхочун барзакъ а доьхна, сайн цIера маьршша араяьлла, дIаяха йиш яц сан. Нахалахь Iаламат йоккха сенсаци хета зуда-полисхо, полисхойн могIаршкахь зуда гар тIе ца оьцу цара. Цундела тхайн болх къайлах бан безаш хуьлу тхо. Я школехь, я дарбан цIийнехь болх беш ду олу оха", - дуьйцу цо.
Ши шо хьалха гучуяьллера Назо. ТIаккха шен доьзалца цхьана Кабуле дIаяха дийзира цуьнан. Гильменд провинцехь бехаш болу цуьнан гергарнаш а уггар хьалха цунна дуьхьал бевллачех бара.
"Со юьйриг ахча а лур долуш бара уьш. Цул совнах балха тIехь а яра кеп-кепара проблемаш, цигахь зударшкара ахчанаш доьху, я коча эха гIерта сийсазе. Оцу бахьанашца балха тIехь лакхаяла аьтто ца хуьлу сан", - дуьйцу Назос.
Назон цIийнда шен хIусамненехьа ву. Цо лайначу халонашна иза бехке ца хета цунна. Са гатдо цо шен зудчунна, иза балха яхча.
"Гендеран башхаллаш лоьручу тхан юкъараллехь Iаламат чолхе ду зудчунна полицехь болх бан. Ас мел цунна сагатдахь а, цуьнан бакъо ю аьлла хета суна полицехь болх бан. ХIаъ, дера ас нахах лачкъа ма до цигахь иза хилар, ас массаьрга а иза лор ю олу", - боху Ахьмада.
Кхечу зударийн-полисхойн а санна, Назон белхан де долало тIера духар хийцарца. Балха тIехь бен лело йиш яц цуьнан профессионале духар.
Ша гучу ца яккхийтархьама цхьа барамаш лелош дезаш хуьлу Расули Сима а. ЧIогIа сатесна ю ша боху цо, маьршша, цхьаннех лечкъа а ца лечкъащ полисхочун барзакъ лелон таро йолчу дийне. Амма цу тIе кхачале пачхьалкхехь дуккха а хIума ду хийцадала дезаш.
"Сан доьзална ца лаьара со полици балха яха. Зударийн болх бац ницкъаллийн структурашкахь берг аьлла, хьажам болуш бу уьш. Юьхьанца суна дов дора цара, етта а еттара, со балхара цIахь сацийта гIерташ", - дагалоьцу Симас.
Таханалерачу дийнахь Афганистанехь эзар зуда-полисхо ю. Церан терахь хийцалуш хуьлу, регионе хьаьжжина. Масала, пачхьалкхан къилбаседанерчу провинцешкахь кIеззиг бу зударий-полисхой.
Афганистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалла хьаьгна ю тIейогIучу хенахь полицехь болх бечу зударийн терахь лакхадаккха. 2024-чу шаре кхачале мел лахара а ялх эзар зудчунна болх бала дагахь бу уьш.
"Юкъараллехь хьал чолхе латтахь а, зударшна мел кхераме делахь а, полици балха хIитта лаам болу зударий кIезиг бац. Кхин а цхьана шина шерачохь церан терахь шозза совдер ду аьлла, тешна ву со. ХIора провинцехь хир бу уьш", - боху Афганистанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн гендеран хеттаршкахула йолчу департаментан куьйгалхочо Амини Марвас.
Оцу юкъанна, пачхьалкхан консервативе болчу бахархойн декъана хIинца а хета, полици балха хIуьттучу зударша меттигера ламасташ а, гIиллакхаш а, динан низамаш а талхош ду олий.
"Зударшка дешийта дуьхьал дац дин, амма полисхо хилийта мегар дац. КъорIано а ма боху, зуда шен чохь хила езаш ю", - дуьйцу Кабулан вахархочо Мухьаммада.
Афганистанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло мел яккхий планаш хIиттаяхь а, полицин могIаршкахь болчу зударша яккхий халонаш Iуьйшу. Афганистанерчу адамийн бакъонашкахула йолчу Организацино хIора шарахь зорбане доккхучу рапортехь яздо, балха тIехь шога дискриминаци латтайо зударшца-полисхошца. Божаршна магийначу тайп-тайпанчу таронех баьхна уьш, балха тIехь уьш хьийзо а гIерта, тоаме чоьнаш яц царна балха тIехь бохуш.
Цул совнах, цхьацца сацамаш полицин дакъошкахь тIеоьцучу заманчохь, царна дуьхьалбовла бакъо а ца юьту цаьргахь. Ткъа иза бIостане ду пачхьалкхехь лелаш йолчу Конституцица.