ГIурбан Де. Нохчийчоь
ГIурбанна бежанан я уьстагIан сагIа декъар ламаст хилла лела тахана хIора нохчочунна. Самалхе, синкъераме де ду иза массарна а. СагIа «кхоччуш къобал хиндолу» миска доьзал, бонаш, де эшнарш лоху кху дезачу дийнан тойнах кхетийтархьама хIора а бусалбано. Нохчийчохь массо а нехан бу сагIех кхетийта къастийна мисканаш, беза-бевза пекъарш, дика нах.