ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус а, "дашо" уьстагIий а: Дагестанехь гIурба дер


ХIара пIераскан де Дагестанехь мукъа де ду аьлла, дIакхайкхийна ду. Мархийн Рамадан бутт бирзина 70 де даьлча тIекхочуш долу ГIурба даздеш бу бусулбанаш тахана. Ткъа муха дIахьош ду и де, коронавирус йоьдучу юкъанна, хаам бина Кавказ.Реалиино.

Маьждигашка, масканаш а йоцуш

Коронавирусан эпидеми яьржичхьана Iаламат дукха ун даьлла нах бара Къилбаседа Кавказерчу регионашлахь Дагестанехь. ПIераскан дийнан зерашца, COVID-19 вирус къаьстина исс эзар сов вахархочуьнца. Уьш-м официалан терахьаш ду, цу юкъа ца тоьхна пневмоница болу дархой. Гергарнаш тIегуллуш, цхьана дIахIиттина ламазаш деш, деза ГIурбан денош а тIекхечи коронавирусан статистика ледара йолчу хенахь.

Коронавирус бахьана долуш тоьхна дозанаш достуш, шолгIа этап йолийча дIадиллира бусулбачарна маьждигаш а. Бакъду, ГIурбан деношкахь маьждига чу боьлхучу нахана дозанаш диттина: цхьана стагана кхачайо 4 еакIов метар маьрша меттиг. Иштта маьждиг чохь лардан дезар ду Роспотребнадзоран тIедахкарш а: масканаш лелор, шеца цIера ламазан куз бар, куьйгашна дезинфекци яр, вовшашна юкъахь доза латтор а.

Кавказ.Реалиица къамел мел динчара дийцарехь, динан урхаллерчу наха цкъачунна оцу бехкамех лар ца дийриг цхьаъ бен дац: масканаш лелор.
Нехан кхерамзаллин дуьхьа Дагестанерчу муфтийн гIовсо Кахаев Ахьмад-Хьаьжас ца бо кхайкхам, ламаз маьждигехь дан деза бохуш.
"ГIурбан ламаз маьждигехь дича дика ду, амма лаахь а, ца лаахь а аьлла, тIедожийна дац. ХIораммо а ламаз шен-шен чохь дийр ду аьлла, тешна ву со", - боху цо.

Коронавирус а, уьстагIий а

Коронавирус бахьана долуш тоьхна дозанаш ца хьакхаделла устагIий дайъарх. Махачкалара араволлучохь, хьалха ипподром лаьттинчу дозана тIехь леррина кечйина меттигаш ю гIурбаден. Цига тIекхоьхьур ду хи а, гулъелла нехаш а дIайохур ю. Иштта кечйина меттигаш ю устагIех йиссина чалх лаьттах йолла а. И барамаш Iалашбийр бу махкарчу кхечу кIошташкахь а, тIетуху Кахаевс.
Ткъа устагI эца таро йоцу нах гIоьналлин фондашка а, маьждигашка а буьйлу. Кху шарахь "Инсан" цIе йолчу фондо доккха сагIа даьккхира, адамаш гул ца деш, жижиг хIора хIусаме дIакхачош.

Дагестанан цIарах волчу сенаторо, олигархо Керимов Сулеймана а дакъалецира гIурбадерехь. Цуьнан фондо масийтта кIоштана ахча кхачийра гIурбаден.
Жижигаш доькъур ду иштта маьждигашкахь а.

Дербентан администрацин куьйгалхочун пресс-секретаро Гамзатова Камиллас боху, шаьш муфтияте дехар дира, гIурба ден таро йоцучу доьзалийн тептар шайга кхачаде аьлла. Цхьана Дербентехь 4 эзар гергга доьзал вовшахтоьхнера цара.
"Оха жижигаш дIасадоькъур ду маьждигашкахула, хIора доьзале кхо кила а кхачош. Цул тIаьхьа маьждигаша шаьш дIасалур ду", - аьлла Гамзатовас.

Уьстагийн мах тIекхетта

ГIурбан дийнахь уггар а тоьлла жижиг хила дезаш ду стоьлаш тIехь. Шо шаре жижиган мехаш а хьаладуьйлуш ду.
Кху шарахь 30 сом мах тIекхеттера устагIан кила жижигана, дуьйцу Шамилан кIоштарчу фермеро Давуда. Ткъа хIинца цуьнан эвлахь цхьа кила жижиг оьцуш 300 сом дала дезар ду. Ткъа цуьнгара схьа а оьцуш, Махачкалахь а, кIошташкахь а 400 туьманах дIадухку, шайна са а йоккхуш бохуш, латкъамаш бо Давуда.

Хунзахан кIоштара Гасан гIадвахана, шен хиллачу аьттонна. Ларамза иза тIекхаьчнера боккхачу некъа тIехь, лаьмнашкара охьадалийначу устагIийн жана. Цаьргара I0 эзар соьмех устагI ийцира ша боху цо.

"Ас жаIуьца мах а ца къийсира, къа хийтира суна цунах, цхьа миска вара. Масех де а хиллера иза жана тIаьхьа вогIу, цхьана кIошта кхача гIерташ. ГIурба деле базара кхиа гIерташ волчух тера дара иза", - бохуш, дуьйцу Гасана.
ХIара гIурбадер шолгIа ду цуьнан дахарехь.

Дуьххьара устагI бийна хиллера цо масех шо хьалха, ша СаIуда Iаьрбийчохь зияратхо волчу заманчохь.
Мискачу нахана жижиг дIадекъа Iалашо ю Гасанан, иштта, кху шарахь гIурбанах кхета йиш ца хилла шен гергара нах ша волчу шуьне кхайкха а дагахь ву иза.


Iийд ал-Адхьа, нохчийн маттахь аьлча, ГIурбан Iийда бусалбачийн коьртачех дезде ду. КъурIан чохь ас Саффат сурин аяташкахь дуьйцуш ду гIурба дерах а, цуьнан баххех а лаьцна. Дала массо а пайхамарашна юккъехь шен ДоттагI ву аьлла цIе тоьхна, цхьаъ бен воцучу ИбрахIим пайхамаре, Делан салам хуьлда цунна, сагIа даккха аьлла, омра деш даийтинчу Джабраил малико хаам бина хилла, шен кIант сагIийна вер тIедожош хиларх. Къона къанлуш тIаьхье йоцуш, деле кIант воьхуш хьеставеллачу ИбрахIим пайхамарна Дала иза къанвелла, гIора дайна висинчу дийнахь дина долу доккха совгIат, цуьнан кIант ИсмаьIал хилла сагIина вен кхаж баьлларг. ТIаккха ша Кхоьллинчун муьлха а дош кхочуш дан кийчачу пайхамаро Мина олучу басе а ваьлла, цигахь гIурбанна кечамаш бан иза хIоттича, цуьнан кIант ИсмаьIал а, шен дена а, Далал муьтIахь ша хилар довзийтина волу, кийча хилла ша закъалте вайта. Ткъа ИбрахIим пайхамар зуьйш хиллачу, цуьнан шена муьтIахьалла гиначу Дала тIаьхьарчу мIаьргонашкахь ИсмаIалан метта бен уьстагI баийтина. Иза ду КъурIан аятехь „Оха тIаккха цуьнан закъалт кхин а гIолехьчуьнца хийцира“ аьлла дуьйцуш дерг. ХIетахь дуьйна доллучу бусалба дуьнено Закъалтан Iийда, я гIурбан Iийда бохучу цIарца даздо и де.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG