ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан 12 регионехь къайлах герз духку нах лецна ФСБ-но


Оьрсийчоьнан 12 регионехь къайлах герзаш духку нах лоьцуш, лерина шуьйра операци дIаяьхьна пачхьалкхан ФСБ-но, яздо Новости агенталло. Рейдаш хилла Москвахь а, Москван кIоштахь а, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Красноярскан махкахь а, Амурскан а, Воронежскан а, Липецкан а, Иркутскан а, Ростовн а, иштта Кемеровон а мехкашкахь а. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашна гучудаьлла, шаьш лаьцначу 12 регионашкара 42 вахархо бехкехиларх къайлах герзаш лелорна.

  • Хьалхо дийца даьккхира, БуьритIехь хиллачу мэрах, Къилбаседа ХIирийчоьнан премьер-министр лаьттинчу Шаталов Михаилах шеконаш кхоллаяларх, цо герз латтийна хиларна. Цуьнан хьокъехь бехкзуламан гIуллакх диллинера.
  • Байначу беттан 13-чохь Ростовн кIоштарчу ФСБ-но дIахьедира, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн бен хаабелла шайна аьлла. Къайлахчу сервисийн белхахойн версица, цуьнан тобанхойн Iалашо хиллера полисхошна тIелетарш дан а, медицинан а, дешаран а хьукматашкахь теракташ дан а.
  • Мангал-беттан 30-чу дийнахь ФСБ-но дIахьедира, БуьритIехь дан лерина теракт юкъахдаьккхина шаьш аьлла. ДаIишхойн агIонча лерина, 30 шо долу Оьрсийчоьнан вахархо лаьцнера ФСБ-н белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG