Коронавирусна дуьхьало латточу КIайчу цIийнан координаторо-лоьро Биркс Деборас CNN телеканална еллачу интервьюхь дIахьедина, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь эпидеми керлачу муьре йирзина: Зазадокху а, Оханан а беттанашкахьчул а шуьйра яьржина коронавирус аьлла. ГIаланаш дIалаьцна ца Iаш, эпидеми яьржина шахьарийн нацкъарчу меттигашкахь а цхьана.
Могашалла Iалашъяран хьукматаша хьоьху барамаш ларбан дезаш хилар билгалдаьккхина Биркса: масканаш лелор, социалан дистанци вовшашна юкъахь латтор. "
ГIаланийн юьстах йолчу кегийчу ярташкахь бехачу бахархошка ала ду сан: шун иммунитет яц коронавирусна дуьхьал. Нагахь санна, шайн гергарчарна уллохь дехаш шу делахь, шун меттигехь яьржина эпидеми а елахь, цIахь а цхьана масканаш лелон дезар ду шун", - аьлла Биркса.
Коронавирусна дуьхьало латточу Американ центраша зорбане яьккхинчу прогнозца, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь карарчу беттан 22-чохь коронавирусах беллачийн терахь 170 эзарал тIехъэккхар ду.
ТIаьххьарчу информацица, Америкехь коронавирусан эпидемех велла 154 эзар вахархо. Ун даьржина тIахьарчу хенахь ткъа штаташкахь.