ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвара даймахка балийначу харцхьалеллачу кегийрхошкара бехкаш даьхна


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Москвахь "наркотикан а, психотропан а препараташ лелорна" лецначу кегийрхошца къамелаш дина пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а. "Чечня Сегодня" меттигерчу хаамийн агенталло бина цунах лаьцна хаам.

Видео тIехь гойтуш бу, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а къепе йохийна кегийрхой (60 гергга стаг) Нохчийчу балийна, полисхошка а, муфтиятан векалшка а цаьрца профилактикан къамел дойтуш.

"Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш боху, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур бу.

  • Кху шеран Зазадокху-баттахь хааме даьккхира, Москвара а, луларчу регионашкара а цIабалийначу кегийчу нахера бехкаш дахарх Делимхановс а, Алхановс а, Висмурадовс а, цара "наркотикаш лелийна, къаьркъанаш мийлина, къепе йохийна аьлла.
  • Куьршала кIоштарчу полицин декъан куьйгалхочо Агуев Рустама кхетош-кхиоран къамелаш дира изза бахьанашца лецна балийначу кегийрхошца.
  • Корта бахон молханаш лелийна аьлла, массарна а хьалха дIахIиттийна, жоп дийхира Хьалха-МартантIерачу бахархошкара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG